йуьхьархӏуьттий хуьлу уьш. Ткъа можах, коьртах, пхьаьрсаш кӏел, кхечахьа хирг дайча, къина доьлхур дара шу. Зингатийн туьйлиг санна, сийсош. Цкъа цхьана стеган дегӏа тӏе летта уьш урс хьоькхуш охьаэгийра ас. Иштта цхьаъ лийча а вина, цӏа вирзича, йуучух а, дуьненах а догдолу.
– Уьш тхоьга ца дийцича мегар дацара-те, Маккхал? Кхин дийцахьа…
– ӏовдал вац. Хьуна дуьйцуш а ца товриг ас муха лело деза? Сатоха ахь, ӏама хьо. Тахана дуьйна хьо а хир ву суна уллохь. Кхузара нах сан ненан вежарий бу-м, ца моьтту хьуна? Хӏан, хӏара кийча ву-кх хӏинца, – дехьа коьллаш йуккъехь лахйелла ӏачу Хедега мохь туьйхира цо. – Хеда, марчо кечделлий вайн? Хьайн дог къовла ахь, Хеда, адамашна ца гуш а, тӏе ца догӏуш а хӏун дуьсу?! Масане кхул ирчаниш дайна адамашна. Ас маслаӏат дан ца оьшу хьуна. Хьо дуьнен тӏе йаьлчахьана хьуна гинарш тоьур ма ду бӏаьрхиш лакъо. Хӏун дийр ду ткъа, Данчӏа, валлахӏ вара хьо дика къонах а, дика стаг а, тешаме доттагӏ а. Тхуна хьалхха велла хьо-м ирс долуш вара. Тхох хӏун хир-те…
Дукха къа ца хьоьгуш кечвина Данчӏа цхьа сахьт хан йалале иттех стаг а, Болат а гонаха бармахь тӏаьххьарчу новкъа велира.
Шаьш кешнашкара цӏа дирзича, туьпан майданахь лаьтташ масех турко а, эрмало а карийра Аьрзугӏарна.
Кхелхинарш кхуза кхаьчначу хьалхарчу шина баттахь-м гондӏарчу йарташкара адамаш денна бохург санна хьошалгӏахь лаьттира туьпахь. Дуккха а доьзалшца гергарло тасаделла, вовшийн чу-каре а йара. Амма кху тӏаьххьарчу баттахь йуххехула хеддера и йукъаметтигаш.
Мушехь хиллачу гӏуллакхах Аьрзу цӏа верзале дуьйна а вогучу Довтина ца безабелира и хьеший. Бӏаьрг ма-кхийтти дог кхиира уьш стенна баьхкина. Довтина хетарг бакъдира хьешашца лаьттачуьра схьакъаьстина тӏевеанчу Мовлас.
– Аьрзу, хьо ган лууш бу-кх и нах.
– Со мичахула вевзина царна?
– Кхузахь коьртаниг хоьтту-кх.
– И ша ду. Уьш хӏун дохьуш баьхкина?
– Вайнаха лелочу цхьацца гӏуллакхашна арз дохьуш баьхкина-кх, – доглозуш Довтей, Тарамей хьаьжира Мовла.
Довтин йуьхь цӏеххьана кхоьлира, ткъа Тарам кӏоршаме вистхилира:
– Аьрзнаш дан лиъча, хьаьнга дийр ду хиъча, бахьанаш ма дукха ду вайн. Цхьа пайда боцчу хӏуманна баьхкина хир бу.
Тӏебахана,