«Миска, мацалло валийна хилла-кх хӏара кху беша, – ойла йора нохчочун кӏентан четахь кемсийн кан гинчу цо. – Миска. Соьга мохь хӏунда ца тохара ахь, Узун-боба, кемсаш лохьа суна аьлла? Ас лун йарий хьуна уьш, кху хьакханах лачкъийна. Ши куьг лехна вуьсийла хьуна тоьхнарг…»
– Хӏун хилла цунна? – мохь туьйхира Нияз-бейс.
– Хӏара-м… хӏара-м велла, бей-эфенди…
– Жоьжахатин цӏергахь вогийла иза! Мел дика хир дара, уьш массо а иштта велла ӏиллахьара. Вало, чехкка гӏой, Юсуфе схьакхайкхал!
Къена Узун-боба, шен дагахь кхунна неӏалт а кхайкхош, букархьаьвзина, бодашкахь къайлавелира. Ша барта хӏуъу дийцахь а, кхеравеллачу Нияз-бейн дог а дара кӏилло детталуш. Баккъал а, оцу нохчашна хӏара кӏант хьан вийна хаахь, къинхетаме догдохуьйла йац. Масаннех цара бекхам эцна меттигаш йу. Цхьа сацам тӏеэца ойла йеш, схьавеанчу шина воккхачу стаге вист ца хуьлуш, вехха лаьттира иза.
– Хезий шуьшинна? – эххар цаьршинна тӏевирзира Нияз-бей. – Эвлал ара а ваккхий, луьста коьллаш йолу меттиг лахий, бердах кхосса и йилбаз. Ӏуьйранна сан жӏаьла лаьттах а долла. Ма дукхадезара суна хӏара, – охьа а лахвелла, жӏаьлин коьртах куьг хьоькхура цо. – Мотт цабийцар бен, шега дӏааьлларг хаьара…
Баккхий нах бист ца хуьлуш лаьттара.
– Шу стенга ладоьгӏуш лаьтта? – човхийра уьш бейс, хьала а гӏеттина.
Узун-боба, йерриг майралла а гулйина, вистхилира:
– Бей-эфенди, иза муха дийр ду? Вай санна, бусалба адам ма ду и миска…
– Ткъа хьуна хӏун лаьара? – мер кӏел веара Нияз-бей. – Кхана йуьртара дерриг адам, туьпара нохчий схьа а бехна, сагӏа а доккхуш, ас иза дӏаволла лаьара хьуна?
– Оцу жӏаьлел оьшу-те хӏара?.. Дӏакхуссучул, тховса, цхьанне а ца хоуьйтуш, бусалба динехь лаьттах воьллича…
– Сацийта! – накъостехьа гӏо даккха гӏоьртина Юсуф-боба човхийра Нияз-бейс, тӏаккха ма-хуьллу эсала тӏетуьйхира: – ӏовдал ши туьллик, нохчий ца бевза шуьшинна? Нагахь хӏара гӏуллакх хаалахь, вай кхоъ хьовха, вайн цӏера доьзалш а бойъур бу цара. Суна-м бен дац, кӏелхьарвала некъ бу. Сан бахам ӏалашбеш ши хехо ву, суна хӏумма ца хаьа аьлчахьана волу. Ткъа ашшимма хӏун эр ду? Хӏуъу аьлча а, шуьшиннах мила тешар ву? Къена ши вир! Лаьий шуна – шайн цӏа вига, лаьий – дӏакхосса.