Маккхалий, кхузара дӏадовла шу реза дац, боху. Бакъ дуй иза?
Хаттар деш, нехан йаххьаш тӏехула бӏаьрг кхарстийра Шамхалбека. Амма цхьа а вист ца хилира. Мотт сецча санна, лаьттара адам.
– Цхьана махкара, цхьана цӏийх схьадевлла цхьа нохчий – вежарий ду вай, – мохь туьйхира цо йуха а. – Цундела, суна лаац шу ӏехо, шуна хьалха лаьтта ерчо шух лечкъо. Эмин-пашас шеца далийна эскар ду кхо эзар дошло. Цунна гӏоьнна кечдина ду Мушан виллаетера эскарш а. Шу кхузара дӏадохуш гӏо дийр долуш бу кху гондӏарчу шахьаршкарий, йарташкарий бахархой. Кхузара меттах а даьхна, Диарбекирехьа шу дӏадигар хилла баьлла сацам бу. Иза боху паччахьо ӏабдул-Межида. Цхьа кӏира далале кхузара шу дӏа ца довлахь, ша эскаршка омра дийр ду, боху Эмин-пашас. Эрна хӏаллак ма хила, нах. Шу летта лийр ду, ткъа шул тӏаьхьадисина шун бераш, зударий, дола дан дай боцуш, мацалла лийр бу. Шайн коьртера и ӏовдал ойла дӏа а йаккхий, шайга бохург де. Диарбекиран виллаете дӏакхалха. Шуьга ма-буьйццу, вон бац цигара мохк. Мохк хоьржучохь дац шун гӏуллакх. Цул сов, аш массара лаьттаца болх бойла аьлла а дац. Луучунна таронаш йу, цкъа а нахаран баьлча а ца лоцуш, эла санна, ваха. Къурайшин цӏийнах схьаваьллачу, Дала бусалба къаьмнийн паччахь вина ваийтинчу ӏабдул-Межида шен байракх кӏел хӏитта, боху шуьга. Цунна хаьа, Дегӏастанахь ислам чӏагӏдеш, ислам лардеш, вай майра летар. Цунна хаьа, керста паччахьо вай къиза хьийзор, вай, хӏаллакдеш, кхачош хилар. Цундела лаьцна цо вай шена тӏе. Диканна дуьхьал – дика!
Хабарна хьасарта вахана Шамхалбек йуккъерчу полкана хьалхахула боларахь дӏасаволавелира.
– Вайл хьалха кхуза баьхкина эдагий, чергазий туркойн эскаре хӏиттина. Масех бӏо бу царах вовшахтоьхна. Хӏоранна а маьхза говр, тӏедуха барзакъ, герз делла царна. Маьхза ду царна дуург-мерг а. Цул сов, йал йу царна шарна хӏоттийна. Вайна цӏахь гӏенах а ца гина ахча. Вайн ирс – вайн тарраш буьххьехь, бархӏ са болчу мажарийн ӏалашонаш тӏехь ду, кӏентий! Тӏамехь гоьваьллачунна чин, совгӏаташ хир ду. Кху сохьта дан дезарш а ду цхьа пайдабоццу гӏуллакхаш. Хӏокху туркойн ӏедална дуьхьалонаш йен керстанаш дӏатебар. Уьстамалхула, хӏордал дехьара