кечвелла Эмин-паша сацийра Маккхала.
– Собар, паша-эфенди. Хьуна атта ду оьгӏазваха. Цкъа-делахь, хьайн махкахь ву хьо, шолгӏа-делахь, хьайн паччахьо боккха ницкъ белла, хьайна луъург дан тхуна тӏехецна ву хьо, кхозлагӏа-делахь, хӏара нах ахь байъарх, дуьненахь а, эхартахь а хьоьга жоп доьхур дац. Хӏунда аьлча ахь кхочушдийриг хьайн паччахьан омра ду. Ткъа тхойшиъ кху декъазчу наха векалвина шайн лаам хьоьга дӏахьебан. Тхойшиннан бакъо йац, царах дага ца волуш, тхайггара жоп дала. Тхойшинна лаъане ца лаьа оцу мисканийн цӏий ӏенийла. Ткъа жимма а хьо собаре ца хилахь, гӏуллакх оцу тӏе долуш лаьтта. Оцу адамийн дегнаш дарделла, уьш карзахбаха цхьа цуьрг бахьана тоьур ду. Цхьа итт де хан лохьа тхуна ойла йан. Тӏаккха тхо йа аш хьийсочу Диарбекирехьа дӏагӏур ду, йа кхузахь дала совцур ду, йа тхешан махка йуханехьа гӏоьртур ду.
– Дика ду, – шегахь толам хаабелла, курра вистхилира Эмин-паша. – Итт де хан йу шуна. Со ладоьгӏуш хир ву. Амма, хаалаш, ас ловзор дац шу, Нусрет-пашас йа Исмаӏал-пашас санна.
Пашин отряд йортахь кешнийн барзехула дӏахьаьвзича, Чорин полка йуккъера схьаиккхина, говр хаьхкина Аьрзуна тӏевеара Коьра.
– Ахь хӏун до, Коьра? – хаьттира Аьрзус, шен къоначу йуьртахочун йоьхна, цӏиййелла йуьхь а гина. – Айхьа дагалаьцнарг дитац ахь? Мӏаьчига хӏун боху?
– Дада реза ву, – цӏийвелира Коьра. – Кхетий хьо, Аьрзу, ас ӏаьлбагна дош делла туркойн эскаре хӏотта. Нагахь Шамхалбека соьга эпсарна дешийта дош лахь, со дӏайазве ала воллу со. Тхан доьзалх тхо кхоъ бен ца дисна: сой, дадий, йоккхахйолу йиший. Ас царна беш пайда ма бац, кху туьпахь сецарх. Хьанна хаьа, эпсар хилла, вайн махка верзахь, сох пайда бала а мега вайн къомана…
– Иза-м дукха ма дийцинера вайша, Коьра, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Кхин вуй хьоьца ваха лууш?
– Цхьа кӏант ву. Бенара Габа…
– Делахь, хӏун дийр ду хьуна, Коьра, Мӏаьчига дӏахецча, хьо сецо бакъо йац сан. И Шамхалбек саьхьара стаг ву хьуна. Варлахь, цуьнга хьо ӏеха ма вайталахь. Эпсарийн дешар деша хьо охьахааваллац, цхьана а кехат тӏе куьг ма таӏаделахь. Дӏагӏо, Дала аьтто бойла хьан!