санна, ирахӏоьттира. Цунна хьалха жӏаьлеша даьстина керла даьккхина гомха каш дара. Хӏетта жӏаьлеша араийзийначу докъан кегий когаш а, тӏейуьйхина чордачу машин эттӏа хеча а, чоин тӏемгаш а гира цунна.
Цкъа ойла хилира Болатан, гӏад ма-дду ведда, оцу меттигна генавала. Амма бӏаьрнегӏар тухучу йукъана хийцайелира и ойла. Дагадаьхкира, шен да кхелхинчу буса нана ша чуьра араваккха гӏоьртича, Аьрзус аьлла дешнаш: «Волийта ахь иза. Халонаш хӏинца а хьалха йу». Дагадеара, мел йаккхий халонаш, мел инзаре эрчонаш тӏеӏиттайаларх, воха а, йухавала а йиш йоцуш ша ден метта висина доьзалан да хилар. Тӏехула тӏе, кӏезиг гина цунна и декъий, ша хаъал хилчахьана? Цхьана-шина шарахь денна гина цунна байъинарш, ткъа кхуза кхаьчча цунна гинчу беллачийн хьесап дина а вер вац. Бакъду, цаьрга и хьожучу хенахь цкъа а ша ца хилла иза, хӏинца санна. Шен дог ирахӏотто гӏертара иза. Ма кхера, Данчӏин Болат, тӏегӏо! Ишттачохь вада ма ца ӏамийна хьо хьайн дас а, хьехамчас а – къеначу Залмас, майрачу Аьрзус, хьекъалечу Берсас, догдикачу Маккхала. Кхин а цхьа масех гӏулч хьалха! Хьо-м нохчо вай, муьлххачу а кхерамна бӏаьрнегӏар ца тухуш дуьхьалхьажа, муьлххачу халонца къовса, муьлхха а бала лан кхоьллина! Хьан къоман ваша бен хуьлийла дац хьуна и шалхавахана ӏуьллург. Эттӏа машин хеча, берзина когаш… Хӏаъ, ву-кхий ткъа хьан декъаза ваша. Кхин мила хир вара иза?! Шайн белларш бердаш кӏел, коьллашла дӏа ма ца бухку кхузарчу наха.
Цхьа-ши гӏулч гергагӏоьртича, докъан йукъах дихкина шаьлтий, доьхкий гина, Болатан коьрте ирча ойла хьаьвзира. Сийсара дуьйна Соип ца гина цунна. Ӏуьйранна цаьргахьа вала ца кхиира Болат, Аьрзус тӏедехкина гӏуллакхаш кхочушдеш, хьаьдда лийлира. Делкъал тӏаьхьа ша хьуьнха воьдуш церан тоьли чу хьаьжира хӏара. Чохь вацара. Соипан нана ӏуьллура, пенехьа а йирзина. Иза самайаккха а ца лиъна, йитира кхо. Даим а санна, кхалла хӏума лаха хьаннашка вахана хир ву-кх, цхьанхьа тӏенислур вац-те цунна дагахь, схьавеара…
Оцу ойланаша вагийна Болат, шен чӏижалг охьа а хӏоттийна, тасавелла докъана тӏевеара. Цӏеша буьзначу коьртан туьтанна тӏера йоьзачу мозийн дийнна вай гӏеттира. Чов сийсайора