Боданечу цӏа чохь цхьана сонехь, тӏехула мекха текхийча санна, эттӏа, маьӏ-маьӏӏехула тӏаргӏа арасийсинчу йургӏанна кӏел меттах ца хьовш аркъал ӏуьллура Мархет. Мацах цкъа куьце хилла цуьнан горга йуьхь, хӏинца, чохь са доцуш санна, можа, массо даьӏахк тӏе а йаьлла гора. Йуххехь хи чу боьллина иттех кхор чохь кхийра кад лаьттара.
– Мархет, хьуна гӏоли ца хуьлу? – хаьттира ӏелас, улло охьа а лахвелла.
Мархета шен йуьхь ӏелегахьа йерзийра.
– ӏела, хьо ву иза? Иштта дӏа ӏуьллуш ма йу со-м. Йелла дӏа а ца йолу, тойелла хьала а ца гӏотту, – сихдинна са а доьӏуш, йистхилира цомгашниг. – Массарна бала а бина, гуьйриг санна, ӏуьллу-кх. Хьо ма хьевели чу ца вогӏуш?
– Деллахь, Мархет, и ирзунан кӏайдарг аха гӏерташ, кху шина-кхаа дийнахь хьуна тӏехӏоттарна ледарло ма хили сан.
– Иза-м хӏумма а дацара, ӏела, ас бехк ца буьллу. Веанчо дан гӏо дац. Ас-м, цхьа сингаттам хилла виси-те аьлла, сагатделла хоьттура. Айза а, бераш а хӏун деш ду, могаш буй хӏорш?
– Дала дика кхобу. Уьш а бу-кх соьца оцу дукъа хьийзаш.
– Хӏун дийр ду ткъа, Дала аьтто бойла шун. Тхан кха-м кхушара а денза дуьсуш доллу. Со йоцчу новккъа йу, хӏокху берийн да а, вайна ма-хаъара, ах стаг… Тхайн-м ойла ца йора ас, берех дог лозу.
Ӏелина гира цомгашчун хьех чуэгна кхоьлина бӏаьргаш хих бузуш. Бӏаьргийн кедаш дуьзна, уьш йакъайеллачу беснеш тӏехула меллаша охьахьаьлхира. Даим а ненан гӏевлангахь ӏен йоккхахйолу кхойтта шо хенара Хьоза цунна йуххегӏоьртира.
Хӏетталц кетар кӏел вижина ӏийна жима кӏант, кӏез-кӏезиг волуш оцу бухара схьа а ваьлла, ӏелина тӏе а веана, цуьнан коьртара схьабаьккхина куй шен коьртах буста хӏоьттира. Цхьаъ ца лайна дерзина гай дистина, озачу кӏантана тӏехь йоккха хеталора хӏуъу а. Васалан важа диъ бер, ловза дахана, цӏахь дацара.
– Шун кха а дуьтур дац вай, стохка санна, – элира ӏелас, церан мискачу хӏусаме бӏаьрг а тоьхна. – Дӏадахана шо хала дара массарна а. Нах шайн кхаш аьхна бевлча, шун гӏайгӏа бийр бу вай.
Ӏелин месала куй бехха ловзийначул тӏаьхьа, иза болчун коьрта а тиллина, йишина гонах хьаьвзира кӏант.
– Йиши, со мацвелла…