Хӏун ду тхуна дан ца хууш? –
Седарчий дагардо, борц а боь,
Французашна а лоь.
Бухку йа кехатех ловзабо
Крепостной ахархой –
Керста адамаш… амма ӏаьржаниш –
Тхо плантаторш ма дац,
Лачкъийнарг эца.
Тхо – законехь лела…
Т.Г. Шевченко. «Кавказ»
Нохчий Турце кхалхоран хьокъехь шина правительствона йуккъехь барт хиллачул тӏаьхьа, туркоша барт нийса кхочушбарна тӏехь тергам латтор тӏе а диллина, Кавказан ӏедало кхуза ваийтина генеральни штабан капитан Александр Семенович Зеленый Эрзерумехь волу пхоьалгӏа бутт бара.
Кавказехь ша йоккху хан, маршонах хаьддачу тутмакхо санна, хала йоккхура цо. Синкъераме а, дера, дара цигахь. Къилбаседехьа бехачу наха даим а шега сатуьйсу кавказски экзотика, бес-бесара къаьмнаш, меттанаш, гӏиллакхаш. Ваха а хала дацара кхузахь. Россехь цӏе а, сий а доцуш, аддамна мичахь ву а ца хууш, къикъвоьлла муьлхха а дворянчик кхузахь воккха хьаькам хуьлий дӏахӏуттура. Административни йа эскаран иерархин ламин уггар лахарчу тӏегӏанна тӏе ког биллабелчхьана, лакхенга хьала-м, дера, воьдура, оцу лакхенгара чухьаьжча бӏагор хьовззалц. И карьера йан башха хьекъал а, корматалла а, ӏилма а ца оьшура. Коьртаниг – хьо къиза йа мекара, эхь данне а доцуш хилар дара. Цул сов, хаддаза мотт хьекха безара хьайл лакхарчунна.
Цу корматаллех цхьа а тайпа шеца йоцу Александр Семенович, дуьххьалдӏа дика штабс-капитан хилла, кхин лакха ца волуш, сецира.
Хӏаъ, иза дика эпсар вара. Цунна резавара воккха эла Михаил а, берриг кавказски хьаькамаш а. Шена тӏедиллина муьлхха а гӏуллакх цо, иза шен даго къобалдеш делахь а, дацахь а, нийса кхочушдеш хиларна. Хӏун дийр ду ткъа, Александр Семенович гӏорасиз стаг ву. Цуьнан гергара нах пачхьалкхан лаккхарчу гӏуллакхашкахь белахь а, нехан когаш кӏел хила дийзи-кх цуьнан. Шен дагца иза якобинец ву, ткъа куьйгашца – кхин до. Къиза хьоьшу халкъийн маршо, даймахках боху, бевлча а ца буьту, таллархочо экханна тӏаьхьа хецна жӏаьла санна, лакхарчара царна тӏаьхьа схьахецна иза…
«Хӏун дийр ду ткъа? – ойла йора цо. – Цуьнан Императорски Локхаллин сий айъаран дуьхьа, Российски импери шорйаран дуьхьа, олалла дечу гӏеранан