Зеленыйна гучуделира инарла Кундуховн хӏилла. Цуьнан план йара цхьана гулахь, Назчера дӏа Мушехула, Битлисехула, Ван ӏоман къилбехьарчу йистонца Ван-шахьарна тӏехӏотталц йолчу метте нохчий охьаховшо. Зеленыйс протест йина дукха хан йалале Эрзеруме веанчу Кундуховс дехха къамел дира цуьнца оцу протестан хьокъехь.
– Россехь къинхетам бина, схьакхалха ша бакъо йелла нохчий кхузахь оцу къинхетамах хадор бац хир бу оьрсийн правительствос, – бохура цо Зеленыйга. – Гуш лаьтташехь ӏожаллина тӏе хӏунда бохуьйту цо уьш? Диарбекире ховшабахь, уьш ах шо далале белла дӏабевр бу. Йокъане, йекха цигара мохк, зуламе ӏалам. Хӏан-хӏа, господин капитан, со ваьхьар вац нохчий цига хьовсо. Суна луур дац масех эзар адаман къа сайна тӏелаца. Ас уьш Ванан пашалыкехула, Муша уллохула дӏа Назче буьгур бу. Нагахь нохчий Мушехь, Битлисехь бита шун ӏедал реза ца хилахь, кхузахь долу хьал дуьйцуш, Нохчийчу кехат йаздан дезар ду сан, новкъа бевлларш йуха а берза, кхин схьа а ма довла, кхузахь шуна оьрсаша кечйинарг ӏожалла йу аьлла. Уьш ӏехо йиш йац сан.
Кундуховн схьахьедаро вохийра иза. Оцу хьокъехь цхьа а тайпа инструкци йацара цунна йелла.
– Хьан локхалла, хьуна ма-хаъара, кхелхачарна билгалйинчу меттигашна йуккъера Ванан пашалык дӏайаккхар Кавказски ӏедало дина ма ду, – иза кхето гӏоьртира Зеленый. – Оцу хьокъехь Турцехь волчу Россин полномоченни векална инарлина Игнатьевна а, Турцин арахьарчу гӏуллакхийн министрана ӏела-Пашина а йуккъехь хилла бохо йиш йоцуш барт ма бу. Цундела сан бакъо йац иза дан. Оцу хьокъехь соьга керла инструкци кхаччалц, нохчий Карпуте дӏахьовсош Нусрет-пашина гӏодар доьху ас хьоьга.
Амма Кундуховс иза аьттехьа а ца дитира.
– Бехк ма биллалахь суна, капитан, иза дойла йац хьуна сан, – корта хьовзийра цо. – Меттигерчу бахархошкахула нохчашна хӏинцале а хиъна Диарбекирера мохк йекха, йийнарг ца кхуьуш хиларал сов, хӏаваъ вон долуш хилар, цига гӏахь, шаьш хӏаллакьхирг хилар. Цундела сан бакъо йац, йа аьтто а бац, нах Карпуте хьийсорна тӏехь гӏо дан. Со тешна ву, Ванна а, Мушана а гонаха нохчий дӏатарбарна Кавказски ӏедал дуьхьал хирг цахиларх. Нохчий цигахь совцорна иза дуьхьал