Турцехь мохк бала йуьхьанца вайн барт хиллачу меттигашкахь шаьш дӏанисбаре наха сатийсаро а кхалхаран гӏуллакхна боккха аьтто бина хилар. Гена некъо, цигахь царна бала тӏаьххьара билгалбинчу махках бакъ хаамаш схьакхачаро шина ойлане хӏиттийра кхалха кечбеллачех дукхахберш. Цунах пайда а эцна, тхаьшна луъу нах, йа вуьшта аьлча, мелла а карзахе, вайн правительствос дӏадолочу гӏуллакхашна зуламе нах махках баха дуьйлира тхо. Цунах доллу кхалхор оцу хьелашкахь хӏинццалц схьа машаре дӏадахаран бахьана. Амма, шеко йац, кхелхинарш цигахь дӏатарбан билгалйина меттигаш хийцинийла кхузахь хаалахь, кхалхаран гӏуллакх буххенца кхечу агӏор хийцалург хиларан. Турцехь шайна къастош болу мохк Муса Кундуховс боьхург бу а моьттуш, оцу мехкан латта шайчух тера токхе дуйла а, и меттигаш вайн кордонашна гергахь йуйла а, цига гена некъ бан ца безийла а хиъна, нах берриш а цига дӏагӏортаро кавказски хьаькамалла кху тӏаьххьарчу хенахь кхелхачарна дозатохарна тӏететтира…»
– Йуьйцу а ца хезна шалхо! – карзахвелира Зеленый. – Цул-м, уьш даррехь нуьцкъала махкахбахар гӏоли ма йара. Шайна луъург дойца оцу мискачу къомана тӏехь!
«…Айса хьалха диначу дерриг а дӏахьедаршна тӏе а доьгӏна, кхелхинарш вайн дозанашна генахь дӏатарбан безар ондда бух болуш гӏуллакх хиларх, нагахь и ца дахь, Теркан областехь долийначу кхалхаро кхузахь вайн ког чӏагӏбаран гӏуллакх чолхе доккхург хиларх хьан локхалла тешо ваьхьар ву со. Цундела, со тешна ву, туркойн правительствос хьалхахӏиттийна бартан хьелаш дерриш а нийса ша кхочушдинчул тӏаьхьа кавказски коьртачу хьаькамалло хӏун дан деза аьлча, Константинополехь волчу вайн векална декхар дина тӏедилла деза, шегахьа йолчу агӏор Портас и барт нийса кхочушбар хаддаза лехар, нагахь туркойн правительствос кхелхарш Кундуховна луъучу дӏатарбахь, тӏаьхьалонах жоьпалла дерриг а цунна тӏехь дуьсуш хиларх. Ткъа нохчий Битлисана малхбузехьа баха ховшорах лаьцна суна хӏун хета шуна хаа лаахь, и меттигаш сайна дӏора дика ца йовзахь а, сайн ала декхар хета суна, цкъа-делахь, Нусрет-пашин схьахьедар барта дина ду, цундела кхузахь цхьа а декхарийла хуьлуш вац. Шолгӏа-делахь,