Делан ӏожалла сацаелла йац цхьаьнгге а. Мухха делахь а, Маккхал, шу кхоъ новкъа а ваьккхина, буха саца лаьа суна. Хьуна ма-хаъара, кху ткъех шарахь вовшийн дош кхачийна дацара вайша, луург лардинера. Гуттар ахь аьлларг динера ас, цкъа мукъана а сан даге хьажахьа.
Цаьршиннан къамеле ладоьгӏуш тийна ӏийна Чорий, ӏелий дуьххьара вистхилира:
– Маккхал, тхуна а бегӏийла йоцуш ду хьо кхузахь витар.
– Аьрзус бохург де ахь, Маккхал.
Амма Маккхала бистхила ца битира уьш…
– Иза йуха дийца ца оьшу, Чора. Оцу тӏехь сацам хилла баьлла. Кхин дуьйцур вай. Хьалхарчу тобанан некъ хала хир бу. Цуьнан некъ тахь, кхиамца чекхдер ду вай йухадерзар. Варий, собаре хилалаш. Некъаца йолчу йарташкарчу, шахьаршкарчу бахархошца гӏиллакхе хилалаш. Талораш ма делаш. Цул а, йехар тоьлур ду шуна. Цхьа ткъех стаг говрашкахь цхьана дийнан новкъа хьалха дӏаэхийта. Йартийн, шахьарийн коьртехь ӏедал ду. Нагахь ӏедало хамталла йахь, дика нах боцуш йац шуна уьш. Оцу ӏедале, дикачу нахе шайна кхачанца, оьшучуьнца гӏодар деха. Мелла а гӏо данза ӏийр бац. Шу йухадерзо тӏаьхьа эскарш даха тарло. Дозанехь оьрсийн эскарша дуьхьало йан тарло. Варийлаш, шаьш довлуш герз ма айъалаш. Шайн оьгӏазло сацайелаш, Деле собар дехалаш, шайца зударий, бераш, цомгашниш хилар ма дицделаш. Ма-хуьллу машаре, ма-хуьллу гӏиллакхе чекхдовла гӏорта. Мухха довлий а, дозанах дехьадовла, тӏаккха хала дац. Цигахь вайн лулахой гуьржий бу вайца гӏиллакхаш догӏуш.
– Царна йукъакхаьчча-м, цӏахь санна дарий-ц, – сатийсаме вистхилира Чора. – Уьш ӏийр бац вайгахьа озаза.
– Ткъа Солтамурдгӏаьрга, Берсагӏаьрга ала дезарг хьайна хаьа хьуна. Кхузара жоьжахати дӏакхайкхайе нахе. Кхин схьагӏертар хьеха а ма дайта. Ткъа туркошкара гӏо хир бохучух догдилла, ала…
– Ой, хьо ма весеташ дан хӏоьтти, ва Маккхал? – цецваьлла хаттар дира Аьрзус. – Кхузахь гуттаренна а виса ойла-м йац хьан?
Маккхал велавелира:
– Хиндерг Дела воцчунна хаац, Аьрзу. Вай веаннах цхьаъ мукъа а, Делан лаамца, цӏа кхачахь, адамех дӏатоха дезарш дуьйций ас-м.
– Дерриш ца кхачахь а, цхьадерш цӏа кхочур ду вай, – доккха садаьккхира Чорас. – Амма къаьхьа хир ду-кх и цӏа. Хӏинццалц вайн йерриг дегайовхо