бехира. Реза ца хилира инарла. Сибрех даха реза хир дара шаьш, бехира. Гуттар собар кхачийначара элира, ахь цӏа дерзийтахь, керста дине дерза реза а ду шаьш.
Оцу хьола тӏе нисбеллера ӏелагӏар. Дозанца волчу оцу шина инарлица дийцар эрна хир ду аьлла, царна тӏех а ваьккхина, Тифлисе, сардална тӏе, Аьрзу коьрте а хӏоттийна, виъ стаг хьажийра цара. Амма сардало йухатуьйхира церан дехар. Аш йаздина, Турцехь волчу шен эпсаре делла дехар хьалххе шега схьакхаьчна, ша иза Петарбухе дӏадахьийтинера, нохчий йуханехьа цӏаберзар бохург хьеха а ма дайта аьлла, шен вешера жоп деана шега, элира цо. Шайн лаамехь шайн бусалба паччахь, бусалба вежарий болчу дӏакхелхиний шу, бохура сардало, шаьш дӏадахханчохь ӏадъӏе, йуханехьа а ца хьийзаш.
Амма хӏорш хазахета цига цакхалхар, шаьш гатбина, бӏарзбина хӏорш даймахках бевлла хилар хьеха а ца дора. И дерриг кхеран шайн «лаамехь» хилларг лери.
Ма атта хета-кх царна нехан бохам!
Сардал волчуьра селхана схьакхаьчна Аьрзугӏар. Цара деанчу хабаро дегнаш дохийна нехан. Ма къинхетамза ду-кх сардалан дог! Тӏулгах дича санна. Тӏулг а ма беша, тӏе дуккха а хиш ӏенча. Амма оьрсийн паччахьан, цуьнан вешин, инарлийн а дегнаш дашалац-кх оцу берийн, зударийн бӏаьргех догӏанха ӏеначу хишка.
Мушерий, Эрзерумерий схьа Арпачай кхаччалц оцу бехачу некъаца кешнийн баьрзнийн лар йуьтуш, кху дозане кхаьчна и адамаш, и ши эзар йалх бӏе ӏиндагӏ, сацийна-кх оцу лаьттачу торгӏалчу бӏогӏамо. Цунна дехьа, къилбаседехьа, лаьмнашна тӏехьа лаьттачу церан даймахко тӏеийзабо уьш. Иза бу оцу адамийн догӏмашна ницкъ лург, уьш къилбаседехьа дӏабуьгург.
Йалх бутт хьалха, шена букъ тоьхна, тилла дахана шен бераш тӏедоьху цо. Даим церан лерехь дека царний бен цахуучу маттахь цо бечу кхайкхаман аз. И царна го маьлхан а, беттан а серлонца. Иза царна хеза механ эсалчу тулгӏешца, шовданийн декарца, олхазарийн шакаршца, шайн сингаттамечу иллешца тийжаш техкачу хьаннашца. Гӏа-бацо, дарцан угӏаро – дерриг а ӏаламо, дӏа мел хьайечу межено и кхайкхам шайга кхийдабо моьтту царна.
Хӏинца и кӏайн-ӏаьржа мохане бӏогӏам мокхазан берд хилла лаьтта царний, церан даймахканий йуккъехь.