Йа, массо а велла, кхузахь вожа, йа, дозанал дехьа а девлла, Нана-Нохчийчу кхача сацамбина, меллаша дозанна тӏедоладелира ши эзар йалх бӏе адам. Къений, къоний, зударий, берашший…
Оцу йоккхачу тобанна цхьа чаккхарма хьалха вогӏура каралаьцна кӏайн байракх йолуш итт стаг. Церан карахь, дегӏаца цхьа а тайпа герз дац. Йаьстина, зударийн санна, хецна йу гӏодайаккъаш. Уьш йуха а цкъа машарна хьалхабаьхна векалш бу. Ткъа важа висина ши эзар йалх бӏе стаг, йукъ-йукъа каралаьцна кӏайн байракхаш а йолуш, меллаша ког боккхуш, ламанан басеца чӏуг йетташ, царна тӏаьхьа вахвеллера. Говрашкахь а, гӏаш а.
Хьалхарчу оцу иттанца вара Аьрзу, ӏела, Чора а.
Массарна хьалха воьдучу Аьрзун кӏажаш хьоьшуш, тӏаьхьауьдура ӏела.
Ӏелина геннара дуьйна гора гу тӏехь некъана тӏейерзийна лаьтта йаккхий тоьпаш. Царна уллохь а, тӏехьа а, зингатийн туьйлиг санна, и гу сийсош, туркойн гӏашсалт, дошлой.
«Доза дӏанехьа ду, ткъа йаккхийчу тоьпийн йуьхьигаш махкана чоьхьа йерзийна цара, – дагахь цецвелира ӏела. – Ванах, тхуна тӏетоха-м ца бохку хир бу хӏорш?»
Дӏа мел боккхучу когаца туркойн эскарна гергагӏертара уьш. Царах схьакъаьстина цхьа ахбӏе дошло, ӏелагӏарна дуьхьал а веана, хӏокхарна тӏекхачале сецира. Хӏинца шера къаьстара церан сутара йаххьаш. Дозанал дехьара схьа кхара лелочуьнга хьуьйсура оьрсийн салтий. Ша дуьнен чохь даьккхинчу оцу ткъе дейтта шарахь тахана дуьххьара даг чу кхеравалар иккхира ӏелина. Хьалхахьа лаьттара герзах доьттина, лата кийча шина паччахьан эскарш. Ткъа хӏорш – ши эзар йалх бӏе адаман гӏаларт. Йуккъерчу къонахийн карахь а дац герз. Машаре сатуьйсуш, шайн карара герз зударшка а делла, уьш тӏехьалоьцуш, хьалха а бевлла, шаьш санна, гӏелйеллачу говрийн урхаш лаьцна, гӏаш оцу буьрсачу ницкъана тӏеоьху божарий. Ӏуьйренан мелачу махо тӏекхоьхьура тӏаьхьарчийн гӏийла мукъам:
…Тӏам чехка олхазар, Нохчийчу хьо додахь,
Маршалла луш, ала тхан муъма вежаршка,
Даа рицкъа ва доцуш, дийша мотт ва боцуш
Тхо лелаш ду, алий, кху пана ва махкахь.
Шийлачу буьйсанна борз угӏу ва хезча,
Алалахь, ма мотта, мацалла и угӏу,
И угӏуш йу, ала, ардангах хадарна,
Тхо, цунах тарделла, лелаш ду, алалахь…