Массо чо ирахӏоьттинера. Кан санна, хьирчина дара маж, корта а.
«Хӏун до ас дуьненахь ваьхна? – уьйриг хилла ойланаш, хеттарш, жоьпаш хьийзара цуьнан коьрте. – Айса-сайна а тоьхна, лийр вара, амма иштта валарал доккха къа ма ца дуьйцу. Иштта веллачун эхарте даха дог хилийтац. Ийманах ваьллачой бен лелор дац ишттаниг. Къа. Ийман. Мичахь ду и шиъ? Харцой, бакъой, хьарам, хьанала, тешам, йамартло хоьржуш, мила лела кху дуьненахь! Ас хӏинццалц лайна баланаш тоьур ма бу хӏинца ас латочу къих хьалхавала. Суна ма ца оьшу Аьрзух ваьлла дуу дуьне. Дуу дуьне? Хьоьшу латта, хьоьгу ӏазап! Амма, муха вала веза? Дӏогара лекхачу тарха тӏера чу а иккхина…»
Ӏела дуьххьалдӏа тарха тӏе волавелира. Кӏаг чу ког нислой, охьакхеташ, тӏаккха гӏоттуш, кӏохцалан кулла тӏе ӏотталой, йухаоьккхуш, тарха тӏе боьгӏначуьра ши бӏаьрг дӏа ца боккхуш, хьалхахьа дӏаоьхура иза. Ши накъост а ӏара, иза стенга воьду, цо хӏун леладо ца хууш, хатта там ца хеташ, тӏаьхьахьоьжуш. Амма эзар шарахь ойла йарх цаьршинна хуур дацара ӏелас дагалаьцнарг. Бӏе, ши бӏе шо долура нохчашна йуккъехь стага ша-шен вер ца хуьлуш. Ша-шен вер стеган осалалла, кӏиллолла, оьздавацар лорура цара массо хенахь. Цул доккха эхь дацара, доьзална хьовха, тайпанна, йуьртана а тӏедан. Мацах, цхьана хенахь, шун цхьамма ша-шен вийна хиллера бохуш, тӏаьхьарчу тӏаьхьенна а тӏехбеттамаш бора.
Ӏела ломан басах хьалавоьдура. Дӏа мел тосучу гӏулчаца цунна дуьхьалхӏуьттура шен дахаран дӏадаханчу буьрсачу шерийн ӏаьржа денош. Жимачохь хилларш, баккхийчийн дийцарех дагадогӏурш. Тӏеман кхехкар. Малхехь ткъесах лепа тарраш, цхьамзанаш. Йогу йарташ, стигалахь соьцу ӏаьржачу кӏуьран мархаш. Зударийн, берийн маьхьарий. Хьайбанийн ӏехар, жӏаьлийн угӏар. Бӏеннаш, эзарнаш кешнийн керл-керла баьрзнаш, хӏолламийн хьаннаш. Декъий, цӏий, цӏий. Татолашца. Иттаннаш шерашкахь саццаза. Маршонехьа къуьйсуш, бӏарзделла хьийза адам. Мацалла, цамгарш. Паччахьан ӏедалан къизалла. Кхузахь мукъана а маьрша Делан цамгаршца ӏожалла тӏеоьцийла хиларе догдаьхна, махках бевлла, схьакхелхина пхи эзар доьзал. Хӏара туркойн жоьжахати…