Дагестанехь дӏалецначу меттигашкахь кегийра гарнизонаш а йуьтуш, Даьргӏа кхаьчначу Воронцовн отрядехь бархӏ эзар гӏашло а, цхьа-ши бӏе дошло а, ткъе шиъ йоккха топ а йара. Даьргӏа дӏа ца луш, чӏогӏа дуьхьало йира Шемала. Шайн коьртехь принц Гессенский а волуш столични кегийраша йиначу штурмо цуьнгара дӏайаьккхира Даьргӏа тӏе кхачале йолу цуьнан коьрта чӏагӏо. Цунна тӏаьххье тӏелеттачу инарлин Белявскийн гӏашлоша Даьргӏа кӏегарваьккхина Шемал, иза а йагийна, хьаннашлахь къайлавелира.
Шемалан бӏаьхойн дегнаш дуьйхира. Цхьаннахьа а толам ца баккхабелира цаьрга, амма, мостагӏчунна цуьрриг зен ца деш, шаьш дуккха а хӏаллакьхилира. Цхьа а тайпа хаам бацара нохчийн наибашкара. Амма Шемала дог ца дуьллура.
– Дагестанехь вай йинарг буй-тӏара бен йац. Тӏом хӏинцца болалуш бу, – бохура цо тӏемалошка. – Кхузахь, Нохчмахкахойн хьаннашкахь, шен майрачу нохчашца кӏелхиъна ӏаш гендарганойн ӏисий, аьккхийн Уллубий, алдахойн Хьаьжа-Юсуффий, шелахойн Тӏелхаг, шотойн Ботукъа, гиххойн Сайдулла, кхин иттаннаш майра наибаш бу. Тешалаш сох, цхьа а гаур нохчийн хьаннашкара аравер вац.
Цунах кхоьрура кавказски эпсарш а. Даьргӏа ша дӏалаьцча, граф Воронцов паргӏатваьлла хабар дийца воьлча, цунна йуххе а хилла, инарло Граббес гӏиллакхехь дӏахьедира:
– Вайн даккхийдер хьалхе ду, Хьан Локхалла. Нохчийчоь – иза зӏуганийн боккха бен бу. Оцу бенан цхьана маьӏигах хьакхаделла вай. Кхерам а, тӏом а хьалха бу.
Хӏаъ, Граббена дика йевзара нохчийн хьаннаш. Ши шо хьалха йоккхачу отрядца цига гӏоьртина иза цӏонтаройн Шоӏипа аьтта дӏавахийтира. Хӏетахь эзар бархӏ бӏе салтичун дакъа кхузахь а дуьтуш, цхьакӏеззиг салташца халла кӏелхьарвелира иза.
Шен дош чӏагӏдеш, оьрсийн эскарех ша ца кхоьрийла хоуьйтуш, инарлашна гуччохь маневраш йан вуьйлира Шемал. Маневраш йийриг цуьнан цхьаъ бен йоцу бевдда шегахьа бевллачу оьрсийн салтех кхоьллина батальон йара.