Ша цигара меттахвалале, цо инарла Бебутовна омра дахьийтира, ӏаьндахь а, Гумбетахь а йолу йерриг этапийн пункташ дӏа а йахий, Шура-гӏала кӏегарвала аьлла.
Хӏинца йерриг а догдохийла Кавказски линин аьрру фланган начальниках инарла Фрейтагах тешна йара. Амма муха хаийта деза цуьнга кхузахь хӏоьттина хьал? Графо Воронцовс пхеа новкъа пхи стаг хьажийра Фрейтагна тӏе, цуьнга кхузара хьал а дийца, дерриг эскарш схьа а гулдай, Гезлойн-гӏопе кхача, Яьссица хьала шаьш кӏелхьардаха вола аьлла.
Оза, йеха йуьхь, аьрзунан зӏок санна, хьаьвзина мара болчу къоначу Тӏелхага сема тергам латтабора Воронцовн отрядаша дӏа мел боккхучу когана тӏехь.
Графо Воронцовс Фрейтагна тӏехьажийнчу пхеа стагах цхьаъ Гати-Юьртара Муцӏин ӏоса вара.
13-чу июлехь 4 сахьт долуш Даьргӏара меттахвелира Воронцов. Хьалха даха атта хилийта, шайца болу беза мохь хӏаллакбе, элира цо салташкий, эпсаршкий, ткъа, царна масал гойтуш, шен доларчу безачу механ йоккхачу багажах цхьаьнга цӏе тасийтира.
Воронцов шен отрядца Майртуьпехьа ваха воллу моттаделла Тӏелхаг, Цӏоьнтарна уллохь позици а лаьцна, чӏагӏвелира. Амма, отряд регӏаца охьайолайелча, иза Гезлойн-гӏопе гӏертий хиъна, чехкка цул хьалха а ваьлла, Шоьна а, Тӏуртӏи-Кӏотарна а йуккъехь долчу Коьжалкан-Дукъахь чӏагӏвелира. Даьргӏара охьа цига кхаччалц хаддаза тӏелетарш дечу ӏисас, Уллубис гӏелйинера отряд.
Коьжалкан-Дукъахь йуха а болабелира къиза тӏом. Кхузахь лен чевнаш хилира графана Бенкендорфна, графана Гейденна, графана де Бальменна, элана Эристовна, баронна Дельвигна, полковникашна Бибиковна, Завалийскина. Доллучул новкъарло йора чевнаш хиллачара. Уьш тӏехь болчу хӏора бармана тӏечӏагӏвина вара йалх-йалх салти. Ницкъ бора салташна йукъайаьржинчу чуьйнан цамгаро а. Аръергарде а вуьйлуш, коьртакомандующи салтийн дог-ойла айъа гӏертарх гӏуллакх ца хуьлура. Тӏевеанчу цуьнан адъютанто цуьнга элира, мел гӏертарх а, инарлийн Лидерсан, Гуркон, Белявскийн а ницкъ ца кхочу го хадо, начальникийн хиллачу кхеташоно сацамбина, уггар майра кӏеззиг нах йуххе а баьхна, коьртакомандующи кӏелхьарваккха.