Амма Кунта-Хьаьжин вирдан берриг мурдаш бацара, шайн устазан хьехамех а тешна, къийсамах йухабевлла, кхолламна къера а хилла, ӏазапна кӏел совца лууш. Башха Далла гӏуллакх дан хьаьгна а ца баханера уьш оцу вирда йукъа. Кунта-Хьаьжина тӏаьхьа бара хьалха Шемалан заманахь гӏарабевлла хилла майра а, говза а тӏеман баьччанаш, магӏара тӏемалой, халкъан а, маршонан а гӏуллакхна тешаме кӏентий а. Дӏадаханчу ткъех шарахь Шемалан деспотизмана а, паччахьан колониале акхачу политикина а дуьхьал къийсинчу цара, хӏинца, шайн устазна а, цунна муьтӏахьчу векалшна а ца хоуьйтуш, оцу вирдах цхьабарт болу тӏеман организаци а кхоьллина, керлачу гӏаттамна кечам бан болийра. Хӏара Нохчийчоь бархӏ районе – виллаете – йекъна, царна а, йарташна а коьрте хьекъалей, майрий шайн бартахой хӏиттийна, паччахьан ӏедалца цхьаьна Нохчийчохь шайн ӏедал а латтадора цара. Йарташкахь тӏетаьӏӏина кечдеш герз а, молха а дара. Спортан ловзарш ду бохуш, тӏеман гӏуллакхна ӏамабора шийтта шарера хьала кхиазхой. И кечамаш гучубехира ӏедална муьтӏахьчу хьолахоша. Лорис-Меликовга Тифлисера схьа масазза хаийтинера, Кунта-Хьаьжа Кавказера дӏаваьккхича шайна бакъахьа хетар. Амма Лорис-Меликов реза ца хуьлура. Цунна хетарехь, Кунта-Хьаьжа лацаро пайда бийр бац, амма зуламаллин тӏаьхьенаш хир йу хьаштдолчул а тӏех. Цкъа-делахь, Кунта-Хьаьжа а, цуьнан хьехамаш а, зуламе ца хиларал сов, ӏедална пайдехьа бу; шолгӏа-делахь, зуламе воцу и махках ваьккхича, цуьнан метта кхин, жигарниг, хӏоттахь, иза ӏедална кхераме а, зуламе а хир ву.
Лорис-Меликов ша а ца тешара хӏокху тӏаьххьарчу шарахь Нохчийчохь хӏоьттинчу тийналлех. Айкхаша цунна тӏекхачабора ӏедал шекдолчу наха дӏа мел боккху ког. Даймахка йухавогӏуш Кунта-Хьаьжин Стамбулехь нохчийн, хӏирийн, чергазойн эмигрантийн тхьамданашца цхьаьнакхетар а, вовшашца къайлаха барт а хилла бохуш а, хазийнера цунна. Тӏаьхьа иза бале валахь, лакхахь шена диканиг эр доцийла хуучу Лорис-Меликовс лацийтира Кунта-Хьаьжа. Тӏаккха карзахбевллачу цуьнан мурдаша, Шелан редуте а гулбелла, шайн устаз схьавийхира.