Шийла хи тӏе а молуш, ӏаьржа бепиггий, хорсамашший диъна, дӏатевжинчу дена сихха наб озийра. Татол тӏе йахана, лийча а лийчина, йиттина тӏехулара коч йакъайала малхе оьллина, йухайеара нана. Тӏаккха, бай тӏе охьахиъна, шен ши кӏажар схьа а йаьстина, месаш шарйан йелира иза. Васална хӏинца а гуш хетара ненан, ло санна, кӏайн пхьаьрсаш, кӏайчу кучан кочехула ах гуш горгий, андий лекха накхош. Хьацар тоьхна, бодйелла, беснеш тӏе кӏаьгнаш хӏиттина цӏен бос богу йуьхь, къинхетаме сийна ши бӏаьрг, халла хаалуш шалго чӏениг. Ши дакъа а хилла, букъа тӏехьахулий, некха тӏехулий охьахецайелла дашо бос беттало йеха, йуькъа месаш.
Ненан кара корта а биллина, цо шарйе месаш ловзош, аркъал ӏуьллура Вася. Йерриг ойла шен балхана тӏейаханчу нанна а, цуьнца ловзаваьллачу Васина а ца гира, хьуьнхара араваьлла, шайна тӏевогӏу барин. Тӏедеана ши жӏаьла гонаха хьаьвзича, и шиъ девзина, кхерайелла хьалаиккхина нана, шен месашций, шина куьйгаций накхош лачкъош, дӏахӏоьттира. Васина гира, коча тесна топ йолуш, дуькъачу мекхех куьг хьоькхуш, там хилла, воьлуш лаьтта барин. Цӏе санна богучу цуьнан сутарчу бӏаьргаша хӏумма а диканиг ца хьоьхура.
– Хӏей, Ванька, хьалагӏаттал! – мийра ӏоьттира цо вижина ӏуьллучу дех.
Вагийча санна хьалаиккхина, да вулавелла дӏахӏоьттира.
– Валол, чехкка йуьрта а гӏой, сан расха говр йалош воьл.
Ден корта охьабахара, амма иза меттах ца хьайра.
– Хьоьга лоьй со-м, хьайба! – тӏечевхира барин.
– Со маца вогӏур ву йуьрта вахана? – халла хезаш вистхилира да. – Делкъал тӏаьхье эрна йовр йу-кх сан. Тӏедогӏучу кӏирандийнахь бен, кхин кхуза балха вогӏийла хир дац. Ткъа вуьшта а ледара сан сула асаро дукъдина…
Баринан йуьхь кхохкийра, ши бӏаьрг цӏийбелира.
– Сацийта! Ас оцу шина жӏаьлега эккхийна вуьгуьйтур ву хьо цига. Тӏехула тӏе, хьо дӏа ма-кхеччи, кучере Захарке хьайн цӏоганах шовзткъе иттаза сара тоха а ала.
Корта а оллийна, когаш текхош, йуьртахьа волавелира да. Хьуьна йистехула ша дӏахьаьвзаш, йуха а хьаьжна, тӏаккха волавелла къайлавелира иза.
– Хьалхайалал, – элира барино, ӏадийча санна, бос баьхьна лаьттачу нене, хьуьнехьа корта а тесна.
– Барин… хьайн Делан дуьхьа…
– Гӏовгӏа, гӏовгӏа!