Адамех йохк-ецар ца йо. Цигахь хьоло ца къестабо къонахий. Цигахь стеган сий до. Цигахь лакхара лору хьекъале, майра, оьзда, хьуьнаре верг. Цигахь тӏемалочун сий ду. Тӏехула тӏе, цара бийриг бакъонан тӏом бу, шайн къоман маршонехьа. Царна ца лаьа оьрсийн паччахьан къиза ӏедал тӏелаца, крепостной ӏазапан дукъ кочадолла. Уьш харцонна дуьхьалбуьйлу.
Оцу лаьмнашка вада аьтто лоьхуш, масех шо делира Василийн. Аьтто бохийнарг иза артиллерехь хилар дара. Нохчий йаккхийчу тоьпашна тӏаьхьа чӏогӏа бовлу дела, батарейш леррина ӏалашйора эпсарша. Цкъа цхьана буса хехь лаьттина цӏа веача, шеца гӏопал аравалар дийхира цуьнга поручико Косолаповс.
– Ладогӏахьа, Василий, суна хьо тешаме стаг хилар зеделла, – элира цо, шаьшшиъ, гӏопан баролал ара а ваьлла, хьуьнан боьлака воьлча. – Цул сов, хьан бӏаьргаш чохь даим а эпсаршка цабезам а, оьгӏазло а го суна. Цундела дуьйцу ас хьоьга айса дагалаьцнарг. Кхузахь нохчийн дӏаьндаргаша вожор ву вайша йа церан шаьлтанаша ворур ву. Йа иза, йа важа ца хуьлуш, дийна висахь, кхузахь ткъе пхеа шарахь хӏара бала а хьегна, цӏа верза доьгӏнехь, тӏаккха цигахь а ду вайшинга хьоьжуш кхул къиза ӏазап. Шемала шегахьа бевлла салтий, дукха лерина дола деш, ӏалашбо, боху. Къаьсттина цунна дукхабеза, боху, артиллеристаш. Вайшинна стенна оьшу хӏара неӏалт хилла тӏом? Вай хӏаллакьхуьлу, дворянийн эпсаршна чинаш, совгӏаташ доькъу. Кхузахь ӏожалла ца хуьлуш цӏа верзахь, цигахь йа доьзалш а, йа бахам а, атталла цӏа-цӏе а дац вайшиннан. Сагӏа ца дехахь, даа бепиг хила меттиг бац. Шайгахьа бевллачу салташна цара йиллина йу Мужичоь а, Даьргӏа уллора слобода а. Цигахь кустарни белхаш беш, доьзалш болийна, хаза маьрша беха уьш. Вада сацам хилла сан. Кхана сарахь. Суна тешаме накъост веза. Нагахь хьо резавелахь, цхьаьна гӏур ву вайша. Резавацахь, вайша хӏумма а ца дийцина.