Къе́налла тӏегӏерта, дагана ва ца товш,
Къо́налла дӏагӏерта, дагана ва ца товш.
Сийлахьа ва волчу, цу Турпал Нохчочух,
Вайн илли ас э́р ду, ладогӏа, къонахий!
Болатах дӏа́сакхиссало и суйнаш ва санна,
Даьржина вай дуьненахь цу Турпал Нохчочух!
Буьйсанна борз йехкаш, дуьнен чу доьвлла вай,
Ӏуьйранна лом у́гӏуш, цӏераш вайна техкина,
Вай иштта кхоьллина цу Турпал Нохчочух!
Цу сенчу ва стиглахь ӏаьржа марха ца хилча,
Вайн латта ва ӏабош, догӏа ма до́гӀур дац.
Цу болатан ва дага́хь ӏаьржа ба́ла ца хилча,
Вайн бӏаьргаш ва башош, хин тӏадам бужур бац.
Са кхуьу ва хӏума, вай Да́лла тӏе ца диллича,
Цхьана а гӏуллакх тӏехь вайн аьтто хир ма бац.
Массе́ран да́ волу, цу Турпал Нохчочун цӏе
Дуьнен тӏехь мел де́ха, вай цкъа́ а йожор йац.