На́на го сайн, сийна уьйтӏе, кӏайн кир тоьхна жима цӏа. Ӏаьнан йе́хачу буьйсанца, тийналлин гӏара а хезаш, со цхьаъ цхьалха, ойланашца сайн, дӏатаьӏина ӏуьллучу су́на, геннара хьиегӏа гӏайгӏа санна йа гергарчу аьзнашца сайн бе́ралла дуьхьал хӏуьтту дагалецамийн некъашца.
Йуха со а го, жима бер долуш, паднара тӏехь вежаршца ловзуш.
Суьйре хуьлу йа пхьуьйре хан, тхо дерриш тхайн чохь а, пеша хьалха, йуург йеш, цхьацца узамца хьийза На́на.
Сан суьрташ серладуьйлу йуха, йуьхь-бос гуш, аматаш; хӏетахьлера хӏоттам а сайн, бе́ран кхетам, Не́нан аз.
Цо йеш хилла галнаш а го, нуьйда таӏорца бертиг а къовлуш, текха тӏехь сецна кӏайн ӏаь, сан цергех дийлина хи а.
Йуха Не́нан йелар хеза, кӏайн цергаш, кӀе́да ши куьг, тхох хӏо́ра а хьостуш цо, доӏанашца дӏавижор а.
Тӏаккха гӏе́наш бе́раллин (куьзган чохь гуш санна) дуьхьал оьху иштта су́на, сайн хиллачу ловзоргашца.
Ма дарра го ӏуьйранна со (ах гӏе́нах а, самах а волуш), галл-гал а лелхаш, паднара тӏера теса тӏе кха́ча схьаво́гӏуш а. Тӏаккха На́нас саца а вой, охьа лах а луш, мара вохкар, йуха со Не́нан белаш тӏе корта товжош вижа гӏертар а.
Эхӏ, Хьаби!
Сан Хьаби, маца, мичахь, хӏун некъашца хьодур-кх со лаха цкъа: йесаллин бухбацаре йа стиглан ӏаьршашка!
Дала херрехь, декъалчаьрца хуьлда-кх вайн вовшийн гар: «На́на йала хьан, сан кӏант!» - аьлла, со хьаста хьо тӏе а хьодуш.