Маракъовлуш дерриге а да́хар,
Хьаьгна ву со доггах хьаста и,
Ткъа цул тӏаьхьа, эрна хеташ ва́хар,
Лаьтта вожа, хилла бецан тхи.
Дерриге а адмаш схьагулднна,
Хьаьгна ву со це́ран де́лар ган,
Дагардийца цхьана шуьне хиъна,
Ткъа цул тӏаьхьа, суйнах ваьгна, ва́н.
Дагахь мел дерг аьлла, кийра бакъош,
Хьаьгна ву со илли кхолла цхьаъ,
Цуьнца цхьаьна дега хьоста лакъош,
Латта хила хьаьгна ву со, хӏаъ!