Лекхачу ламанал лекха ас хьо йийцарх,
Кӏоргачу боьранал кӏорга ас хьо йийцарх,
Хьо йерг хьо хир йу-кха, сан жима йурт.
Лекха лам санна, цӏе йолуш со хиларх,
Гила борз санна, ка йо́луш со хиларх,
Хьан кӏант бен ваций со-м, сан жима йурт.
Хьокху баьхьа санна, со вайн хетарш хиллехь а,
Хӏордан чопа санна, со кӏайн хетарш хиллехь а.
Хьан кӏентийн дой туьйсу гоьза ца хилла-кх со,
Со вина йурт.