Дукха хан йу ловзарш, эшарш, самукъане иллеш ца хеза.
Йоьхначу тӏе а таро йохийна нийсса шо хьалха кхуза балийначу нохчаша. Дӏадаханчу шарахь, хӏорш кхоъ мел гӏертарх, цара латта дӏа а ца дийра, массара а колхозан балха тӏехь дакъа а ца лецира. Шаьш тахана-кхана Кавказе йухадоьрзур ду моьттуш, ӏехабелла къинхьегамна йуьстахбевлла ӏийра. Ткъа хӏинца цаьрга мацалла хӏоьттина. Махкаллин цамгарша ницкъ эшийна церан. Баларш хуьлу денна. Ткъа йуьртарчу ӏедалан, колхозан а ницкъ бац царна гӏо дан.
Складашкахь йолчух кӏез-кӏезиг дӏало царна, амма цунах кхачо хилац. Шайга терра халачу хьоле хӏиттийна цара бухара бахархой а. Тӏом боцчу хенахь-м хӏуттур дацара цаьрга и хьал, ткьа хӏинца хала ду-кх.
Иза оцу гӏайгӏанечу ойланех йукъахваккха санна, цкъа-шозза меттах а хьайна, велхаозийра гаьнгали чохь вижина ӏуьллу церан жима Вова. Николай Кузьмича, доккха са а даьккхина, шен кара къолам а эцна, хьалхауьйзира бицбелла ӏохку Мария Петровнин дешархойн йозанан белхаш.
Кӏант а техкош, белхаш талла вуйлира иза. Амма хӏинца цуьнан коьрте керла ойланаш хьийзара. Бес-бесара кехаташна, кехатийн кескашна тӏехула йазйинчу хӏор а цӏеран шен-шен, амма цхьатерра биографеш йара. Петькин, Витькин, Аллин а дай фронтехь хӏаллакьхилла. Доь доцуш вайна Маринкин да а. Любин да Прагехьа хьалхатеӏаш ву, амма нана цомгаш ӏуьллу.Ткьа Володин ваша, могӏара салти, шина орденан кавалер ву. Машаре зама йелхьара, оцу берийн йаххьаш берийниш санна хир йара, ткъа хӏинца уьш къеначу нехан санна йу.
Аьстамиров Берсин болх карабеача, цунна бӏаьргашна хьалха хӏутту ӏаьржачу аматехь оза шийтта шо хенара жима кӏант. Цуьнан баккхий кхиамаш бу литературин а, историн а, географин а предметашна. Амма иза ларавац оьрсийн меттан грамматикица. Николай Кузьмична гӏайгӏа хуьлу цуьнан болх таллар. Хӏор а дашехь шишша-кхоккха гӏалат. Хӏетте а, Николай Кузьмична лаац, шиъ а диллина, цуьнан догдохо. Къинхьегамна тӏера, дешарехьа боккха безам болуш, хьекъале бер ду иза. Цул сов, цаьршинна йуккъехь цӏеххьана цхьа шатайпачу хьолехь кхолладелла доттагӏалла ду…