махках а, доьзалх а, йиша-вешех а. Хӏинца цкъа цхьанне а дац атта. Амма хӏинца тӏом чекхбала герга бу. Тӏаккха хуур ду вайна дерриге а. Ткъа хьо а жима ву. Цхьана а хӏуманан ойла а ца йеш, тӏетаӏӏий деша. Воккха хилча, ӏилманах кхетча, хьуна хьайна а хуур ду дерриге а…
Николай Кузьмича, шен киснара схьадаьккхиначу кӏайчу йовлакхца кӏентан йуьхь тӏера бӏаьрхиш дӏа а даьхна, цуьнан пханарш тӏе а хевшина лаьттачу бекъачу букъах дайн куьг туьйхира:
– Ткъа хӏинца уроке гӏо, сан кӏант. Берашка а ас эр ду, ишттазабарш кхин ма йелаш аьлла…
Кӏант классе дӏа а вигна, йуха чувеана Николай Кузьмич шена хьалхахӏоьттинчу халачу хьолан ойла йан охьахиира. И дешнаш цунна хезнера хьалха а лахара кхетам болчу цхьацца баккхийрачу нахехь а. Амма баккхийниш совцо атта дара. Хӏинца дерг ша ду. И зуламе эладита берашна йуккъе даржаро пайда бийр бацара. Амма, муха сацо деза иза? И эладитанаш бакъ дац бахарх, уьш совцур бац. Царца тӏетаьӏӏина кхетаман болх бан беза. Муха, мичара дӏадоло деза? Николай Кузьмична шена а ца хаьа бакъдерг. Амма иза тешна вара дерриге халкъ бехке цахиларх. Тӏехула тӏе, шайн заманахь Маркса а, Энгельса а лаккхара мах хадийна оцу халкъан. Цунах лаьцна диканиг аьлла Сталина а, Орджоникидзес а, Кировс а, кхин дуккха а большевикийи партин деятельша а. Ткъа хӏинца хӏун хилла? Ца хаьа. Нагахь оцу гӏуллакха тӏехь цо политически гӏалат далийтахь, тӏаккха а хир ду гуттар доьхнарг. Амма гӏуллакх иштта дуьтийла-м йац…
Дуккха а ойланаш йиначул тӏаьхьа, цо сацамбира суьйранна педсовет гулйан. Оцу дийнахь шеца хилларг а, шен хилла сацам а зудче дӏабийцира цо.
– Хаац суна-м, Коля, хьуна хӏун аьлла хьехар лур ду, – элира. Мария Петровнас, майрачуьнга леррина ла а доьгӏна, тӏаккха, дикка ойла а йина, тӏетуьйхира: – Ахь схьалаьцнарг политически маьӏна долуш гӏуллакх ду. Цхьа бехк ца баьлча, дийнна халкъ махках доккхур дац. Дӏогахь, коьрттехь хиъна ӏаш Сталин ма ву дерриг хууш, гуш а. Цхьа бахьана ца хилча, цо хуьлуьйтур ма дацара иза.
– Сан даго ма боху соьга, кхузахь дийнна халкъ бехке хила йиш йац, – шениг дуьйцура Николай Кузьмича. – Хӏан-хӏа, Машенька, со советски стаг, коммунист а ву, со ӏелур вац бакъдерг дӏа а таӏийна.