самукъанах цхьа а суй шайна чохь боцу бІаьргаш, къинхетамах буьзна, массарех а дог лозуш, гІийла хьоьжура.
Важа, цуьнан накъост, ткъех шо алссам хенара йуккъерчу дегӏахь, Іаьржа йеха месаш, горга йуьхь-марш йолуш хазачу куьцехь къона зуда йара.
ГІо лоьхуш санна, кхерстара Іаьржачу цӏоцкъамашна бухара схьахьоьжу, оцу дийнан стигланах тарбелла, кхоьлина, белха кечбелла, бІаьрхих буьзна цуьнан Іаьржа ши бІаьрг. Царна чохь къеггина гора цхьаьнгге а балхоза, балхо меттиг йоцуш, кийрахь Іаьӏна бала, къоначу, декъазчу дагна маслаӏат дехар.
Масех де дара и шиъ ламанан цхьана чӏаже дечиге оьху. Денна цхьаьнакхетара и шиъ цигахь, амма йуьртахь цхьацца маьӏӏехь йехачу цаьршинна вовшийн кІезиг йевзара. Нийсса цхьа шо хьалха вовшашна генахь, Кавказан лаьмнашкахь, шаьш йинчу йарташкахь маьрша йехаш хилла и шиъ, кхолламо дай баьхначу, уьш дӏабоьхкинчу лаьттах къастийна, йалийна, кхузахь цхьаьнатоьхнера.
Нийсса цхьа шо хьалха цаьршинна ца хаьара, шаьшшиъ, баьлларг бехк боцуш, йинарг кхел йоцуш, февраль беттан цхьана кхаарин дийнахь хӏусамашкара ара а йаьккхина, кхуза гена махка кхуссур йуйла, шаьшшиъ а, шайн доьзалш а мацалла ца балийта, хӏара къиза къахьоьгуш, сагӏадоьхургаш санна, йаьлла лелар йуйла а.
Серсачу дарзо тІадийначу гІашлойн новкъахь, ког шершина, галйаьлла, охьакхетарна кхоьруш, меллаша ког буьллуш, ларлуш охьа чу а йоьссина, ворданан новкъа йелира и шиъ.
Йоккха стаг кІадйелла гӏелйеллера, амма иза шен ницкъ ма-кхоччу хьалха дІагІертара.
– Хьо кӏадйеллий-те, Хелипат? Жимма садаӏа, охьахаий вайша? – хаьттира, йуха а хьаьжна, хьалха йоьдучу къоначо.
– Хӏан-хӏа, Зану, дІайало хьо, – йоккхастаг, саца а сецна, халла хьала а сеттина, хьалхахьа хьаьжира. – ДІогахь, некъа йистехь, гучу ӏандагӏна кІел соцур вайша.
Зану хьалха дӏахьаьжира. Ӏандагӏан дитт гена дацара. Пхи бІе гІулч йелахь, кхин гена йацара царна йуккъехь, амма мацалло ницкь эшийначу цаьршиннан догІмашна гена хийтира цига кхаччалц бан беза некъ.
Ши зуда, кхин йист ца хуьлуш, берриге шаьшшиннан ницкъ тІе а гулбина, махьа кІел букар а йахана, меллаша хьалхахьа йолайелира. Шаьш йолайелла йоьддушехь Хелипатан