Гор йаӏ, ма мерза, чомехь йара-кх и ши-кхо картолг йукъа а тесна керлачу копастех йина чорпа оцу мекхан бепигца йууш! Моьттура, иштта мерза кхача дуьнен тӏе йаьлчахьана цкъа а ца биъна. Йалтех рицкъа кийра дахаза мел хан йаьллехь а, и шиъ сих ца лора йуучунна тӏехь. Сихха кхачорна кхоьруш, цуьрг дожа ца дуьтуш, кӏез-кӏезиг доккхуш, марзо оьцуш, дехха бепиг ӏуьйшуш, тата доцуш чорпех къурдаш деш, шуьна тӏехь ма-хуьллу хан йахйан гӏертара и шиъ.
– Йузайелахь и шиъ, вайна бухахь цуьрг ца дитий а, – бохура Николай Кузьмича шен зудче. – Мисканаш йаӏ, ломара дечиг кхехьа ницкъ бу ткъа шуьшингахь? Хӏара цӏемза де, гена меттиг…
Мария Петровнас, йай карахь тӏе а йахана, йуха а бошхепаш дуьзира. Николай Кузьмична гира Занун накъосто шена хьалха ӏуьллу баьпкан ши цастар хьа а ца деш, йеккъа борщ муьйлуш.
– Бепиг кхоллуш йаа, – куьйгаишарца йоккха стаг кхето гӏоьртира иза.
Бехкала йахана йела а къежна, Зануга масех дош элира йоккхачу стага.
– Хелипатан цӏахь кхо бер ду. Церан кийра йалтин рицкъа дахаза масех де даьлла. Аш пурба лахь, и бепиг кхузахь а ца дууш, шеца цӏа хьур ду цо, – шаьшшиннан къамел, халла оьрсийн дешнаш а карийна, гочдира Занус.
Николай Кузьмичан хьаьрсачу, дуькъачу цӏоцкъамашна тӏехуларчу шуьйрачу хьаьжа тӏе шад гулбелира; дегийра бӏаьрнегӏарш. Цуьнан шен бертаза хи доьссира бӏаьргаш чу. Хьала а гӏеттина, дехьа чу а ваьлла, Мария Петровна шена тӏаьхьакхайкхира цо.
– Машенька, сан хьомениг…, – бӏаьргех йовлакх а хьоькхуш, дегочу озаца вистхилира иза.
–Хӏун хилла, Коля?
– Сан дехар ду хьоьга… вайгахь долу дерриге бепиг дӏалохьа оцу йоккхачу стагана. Ойла йехьа, хьо санна зударий бу уьш, вайшиннан Вова санна, шайн бераш деза царна а. Мел хала ду царна…
Николай Кузьмичан дешнаша дог дохийна Мария Петровна корах арахьаьжира, арахь гуш адам дацара. Кхоьлина, дошан баса йирзина стигал, йукъ-йукъа лайн чимаш а ийна, серсаш шийла дерз, гобаьккхина хӏоьттина сингаттаме тийналла.
– Хьанна хаьа, Сталин гӏалатваьлла хила а тарло, – элира цо меллаша.
– Иза а ма ду адам. Ткъа гӏалат ца долуш стаг хила йиш йац.
–Гӏалат! Гӏалат хуьлу иштта?! Итт эзарнаш коммунисташ, партин, пачхьалкхан