Ткъа бер хьоме хӏума йу. Гуш лаьтташшехь уьш мацалла далийта ца лаьара наношна. Цундела цара лоьхура уьш гуттаренна а шайна тӏелаца нах. Бераш доцчу доьзало схьаоьцура уьш. Гор, Муса йаӏ, ирс долуш ву хьо и наной ца гина! Кхечу къомана йукъахь, девзаш доцчу адамийн кара бер дӏа а лой, маьхьарца йуьртах йолура нана. Бер тӏелоцуш стаг ца карийча, иза буса эвла йуккъе, йа некъа йистте охьа а дуьллий, шена цуьнан мохь хазарна кхоьруш, шина куьйга лергаш а къовлий, къаьхьа бӏаьрхиш а ӏенош, ӏадийча санна дӏахьаьдда йоьду нана гича, цунах дог ӏаьвжий, боьлхура тӏеман цӏергахь бахчабелла йуьртара къонахий.
Дагайогӏий хьуна Петӏамат, Элижа, Мархет а? Вайна тӏехула агӏор басахь цӏенош долуш волчу Кераман Жабраил? Хьаьрса а волуш, нохчийн мотт шера а ца бийцалуш? Хӏетахь, иштта вайн йуьртахь дисина, оцу наха кхиийна бераш дара хьуна уьш. И дерриге а цахуучунна моьтту и бераш оцу нехан ду, и нах оцу берийн дай-наной бу. Кхин а дуккха а дисира иштта бераш. Амма, ши-кхо шо даьлча, меца хан дӏайаьлча, йуха а баьхкина, цхьадолу бераш шайн дай-наноша дӏадигира. Уьш диъ дисира. Хьанна хаьа, церан наной белла хила а мегара. Масех жима зуда, вайнахе маре а йахана, шайн доьзал а болийна, вайна йуккъехь йисира.
Да, ойлане ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.