Мацца лей а, цкъа ле уьш. Муса ша а лийр ву цкъа. И дац цуьнан дагна бала бинарг. Цуьнан ши бӏаьрг догӏанах белхориг, цуьнга са уьйзуьйтург кхин ду. Даймахке, доьзалшка, йиша-веше сатуьйсуш, леш доллучу цаьршиннах къахета. И шиъ делча, цо хӏун дийр ду цаьршинна? Больницера цӏа дига деза, дӏадолла кечдан деза, дӏадолла а деза. Мила вер ву цунна улло? Хьан дийр ду цуьнан жимачу дагна маслаӏат? Муха воьрзур ву иза шийлачу, йаьссачу, къечу хӏусаме ша? Хӏун хир ду цунах цаьршиннал тӏаьхьа? Мичахь бу-те цуьнан йижарий? Дийна вуй-те Шахӏид? Хаац-кх царна тахана Муса дедоьхна хьийзийла.
Кийрара мохь ца балийта гӏерташ, дог къуьйлура цо. Дехьо коре хьийзачу ӏалхех а эхь хетара велха. Муса жима ма вац, цуьнан пхийтталгӏа шо ду. Хаза хир ма дац, иза воьлхуш гича. Амма, амма ма чӏогӏа кийра хьаьвзина хӏара бала! Логе хьалагӏерта иза, кхин дӏа сецалац иза…
Везан Дела, хаац-кх цхьанне а хӏокхуьнан кийрара къаьхьа бала. Мохь аьлла ша велхале, ӏалхина генавала гӏоьртина, больницина гонах йолчу баролна тӏехьоду иза. Амма цуьнан ницкъ ца кхочу оцу масех секундехь сатоха.
Цуьнан кийрара къора мохь болу…
Дог йухадерза ца туьгуш, букъ тоьхна, пенах корта а таӏийна, вехха лаьтта иза цигахь. Цунна ца хаало ӏалха шена тӏевогӏуш а, цо шен белша тӏе куьг дуьллуш а.
– Ма велха, кӏант, – хеза цунна, генараь санна. – Ма велха. Хьо жима велахь, а нохчочуьнгахь товш дац велхар. Дика тӏедеача – куравала а ца веза, бохам тӏебеача – велха а ца веза. Халонна тӏеӏоттавелча, гор вужуш ца хуьлу, ткъа берриге ницкъ тӏе а гулбой, текхаш вахана а, хьалха дӏавоьду! Хьалаайбал хьайн корта!
Мусан букъа тӏехьахула дӏа куьг а дохуьйтий, иза шена тӏеозаво ӏалхас. Тӏаккха, цуьнан пхьарс а лоций, цуьнца цхьаьна больницехьа дӏаволало.
– Цӏе хӏун йу хьан?
– Муса йу.