Хӏун дара а хаац, ӏалхин а, оцу догцӏеначу оьрсийн йоьӏан а дешнаша сапаргӏат даьккхира Мусан. Лесхозехь наха шен дола деш, церан мах хадо ца хиира цунна. Хӏетахь иза бохамехь вацара, ткъа хӏинца бохам тӏехӏоьттича, цунна хьалха ша висина моьттинчу хенахь хааделира Мусана ша цхьа воцийла а, адамийн дикалла а.
Хӏара шиъ чукхаьчча, ӏалхас делла салам дӏа а оьцуш, хьалаайъавала гӏоьртира Мохьмад. Амма ӏалха, цуьнан оза куьг схьа а лаьцна, белша тӏе дайн куьг диллина, саца а вина, уллохь лаьттачу гӏанта тӏе охьахиира.
Мохьмадца цхьаьна палатехь ӏуьллуш кхин а кхоъ стаг вара. ӏалхина бӏаьрг ма-кхийтти хиира уьш мича къомах бу. Доккха сира ши мекх а, озачу йуьхьа тӏехь боккха, беха мара а болуш волу воккха стаг гуьржи вара. Цунна дуьхьал маьнги тӏехь коьртахь къорза пес йерг узбек вара. Сонерчу маьнги тӏехь нохчийн жима кӏант ӏуьллура.
Мохьмадна уллорчу тумбочкина тӏехь а, чохь а миска даарш дара. ӏаьржачу бепиган йуьхк а, узбекийн кхаллар а, йакъийначу кемсийн кан а, масех ӏаж а.
– Воккхачу стагана тӏаьхьадаьхкина шу? – хаьттира гуьржичо. – Дика даьхкина. Дика адам ду Мохьмад. Оьзда стаг ву. Схьа чувалийначу хенахь гӏуллакх дика дацара сан махкахочун. Амма тхо, кавказски къена нах, мокхаз санна, чӏогӏа ду. Тхо лийр дац шуна, шайна паргӏат ӏелаш. Шу цӏа дирзича, Мохьмад волчу хьошалгӏа вогӏур ву со. Тӏаккха тхойша цхьаьний сан даймахка Кахете, гӏур ву. Цигахь сан ширачу доттагӏаша тхойшинна хьалха хӏоттор йу чагӏарх йуьзна чури. Тхаьшшинна хачапуриш йууш, тӏе чагӏар муьйлуш, чангула а лоькхуш, гуржийн мехкаршца хелхавийр ву. Амма сан генацвале реза вац чагӏар мала. Шен цӏархочо шайна дихкина, боху. Хӏумма а дац. Ишттачу дийнахь маларх къа хир дац. Амма хелха-м вер ву. Тхан йуьртарчу уггар хазачу йоӏаца! Хӏан, генацвале?
Мохьмада, вела а къежаш, корта хьийзабора.