– Хӏумма а дац, Алеша… Цхьа масех минот бен ца йисина…
Шахӏид вала герга вуйла хиъначу ӏалхас цуьнан корта меллаша хьала а айбина, шен кара биллира.
– Вася… сан доттагӏ!
Шен цӏе йаьккхича, сержант Шахӏидна хьалхха гора вуьйжира.
– Хӏун боху ахь, Шахӏид?
– Хьуна хаьа-кх, Вася, тхан халкъана тӏехь динарг… Тхо йамарт, кӏилло а хилла-м ца дина цунна и таӏзар…Тхан жима халкъ… Жимачунна халахетийта атта ма ду… Нагахь тхан халкъана хьо волчохь цхьамма вон дош алахь… тхоьгахьа гӏо даккхалахь… Тхуна йамарт, кӏилло нах дара ма алийталахь…
– Ахь хӏун дуьйцу, Шахӏид! Хьан эр дара шуна харцдерг? Дукха хенахь дуьйна, дерриге а дуьненна хууш ма ду шун халкъ майра, тешаме, доьналла долуш хилар!
– Баркалла хьуна, Вася… Со теша хьох, сайн вешех санна… ӏалха… со леш воллу… Вайн дайн гӏиллакхехь дӏаволлалахь со… Виц ма лолахь – Нохчийчоь… Нохчийн кӏенташка дохий ма хьийза ала… Цул а йаккхий халонаш тӏеӏиттайаларх, вайн дай а ца боьхна… Дала хьукма долда… вайн халкъана тӏехь и харцо лелийначарна!…
Шахӏидан дешнаша гонах дерг дерриге а дицдина, цхьана минотана шен ойланашца гена нохчийн лаьмнашка, винчу йуьрта вахара ӏалха. Нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ. Буьрсачу Шемалан столице. Гӏараваьллачу харачойн Зеламхас дуьххьара шен бекхаман куьг айбинчу меттиге. Цигахь вина, цигахь ваьхна Шемалан тоьллачу наибех цхьаъ хилла волу ӏалхин денденда Эдал. ӏаьлбаг-Хьаьжин гӏаттамехь дакъалоцуш вийна ӏалхин денда. Деникинцех леташ Соьлжа-Гӏалина уллохь воьжна ӏалхин деваша. И санна йу нохчийн муьлххачу а доьзалан биографи. Нохчийн халкъо бӏеннаш шерашкахь шайн цӏийца хьандина и исбаьхьа лаьмнаш дӏадаьхна цаьргара. Ванах, кхин гур доцуш ду-те ӏалхина ша вина, бераллахь левзина и хьоме лаьмнаш, хьаннаш…
Оцу къаьхьачу ойланех ӏалха йукъахваьккхира Шахӏидан малделлачу дегӏо…
– Шахӏид!? Шахӏид!? – мохь белира сержантан. –Велла! Хьо турпалх а къинхетам ца бин-кх ӏожалло! Шахӏид, сан доттагӏ, сан ваша, ламанан кура леча… Суна хаьара, ахь ӏожалла лоьхийла… Сан ницкъ ца кхечира хьо ларван… Ва, неӏалт хуьлда хьан цӏеначу даг чу дӏовш доьттинчунна!
Шайн халкъ бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчул