цуьнан арз, – ас набахтехь вахкор ву хьо! И хьайн фашистийн диркх цӏанйай, суна гучуьра дӏавала!
– Хьо ву-кх бандит а, фашист а! – мохь белира собар кхачийначу кӏентан.
Шена хезначух ца тешаш, цхьана минотана акъваьлла лаьттира Кривошеев. Тӏаккха, катоьхна иза шиний куьйга схьа а лаьцна, шен ницкъ ма-ббу легаш ӏаьвдира. Цуьнан садукъдала доьлча, дӏа а хецна, вортанна тӏера схьа а лаьцна, мийра тоьхна неӏ йиллина, сени чу кхоьссира…
– Солтагериев Лоьма цӏе йолуш кӏант вуй Покровкехь? – хаьттира цо нохчочуьнга, куьг таӏо цунна хьалха ведомость а йуьллуш.
– Ву.
– Къаьсттина а боккха тергам оцу кӏантана тӏехь латтор бу ахь. ӏедална дуьхьал цо къамел дой хьожуш, ладогӏа. Мацвелча, къола данза ӏийр вац иза. Ишттаниг цуьнгара далахь, соьга хаам бе. Доцца аьлча, цо закон талхийна меттиг лаха.
Коменданто шега кховдийна ахча, дагар ца деш, пальтон чухуларчу кисана таӏийра нохчочо.
Мария Петровнас, дика йуза а йина, кара бепиган буханкин цхьацца ах а, хи чу йоьхкина помидораш а йелла, дечиг дӏа а ца оьцуш цӏа хьажийна ши зуда, шаьшшиннан маххьаш гӏиргӏазойн цхьана йоккхачу стагана сусмех[3 - Сусма – йакъийна нехча] дӏа а доьхкина, цӏа йогӏура. Шиннен а йаххьаш йекхайелла йара хӏинца. Дицделлера кӏадйалар а. Моьттура, дуьненара дерриге рицкъа кара а лаьцна, шаьшшиъ цӏа йогӏу. Шен-м дукха ойла а ца йора Занус, иза йоккхайера кегийчу берашца йисинчу Хелипатан тахана хӏара аьтто нисбаларх.
Шаьшшиъ школана гено йаьлча, Хелипат саца а йина, шегара помидораш а, сусма а цуьнга дӏакховдийра Занус.
– Ахь хӏун до? – цецйелира Хелипат.
– Дӏаэца. Хӏорш хьуна йуьту ас.
– Делхьа, оьцур йацара-кх. Хьо а ма йац, цӏахь баьрчче хьаьжкӏийн гали хӏоттийна, ӏаш!
– Со цхьаъ бен йац. Хӏара бепиг суна шина-кхаа денна тоьур ду. Тӏехула тӏе, ас денна йоккху сайна мацалла ца йаллал хӏума. Ткъа хьан цӏахь кхоъ бер ду. Дӏаэца, Хелипат, суна лаьа царна хӏорш лойла.