Комендантан цӏе йаьккхича, тӏехь коч йоцуш волу цхьа кӏант, хьала а иккхина, вахана, Решед шен берзинчу букъа тӏехьа а лоцуш дӏахӏоьттира, ткъа йоккхахйолу йоӏ Зараъ, йан а йеана, ӏабдул-ӏаьзаман настарех хьаьрчира.
– Ваша, – мохь белира цуьнан, – ма вигийталахь цуьнга тхан Решед камдат волчу! Оха хӏун дийр ду иза вигахь, тхан-х да-нана а дац… Ас хӏун дийр ду тӏаккха берашна?… Ваша-а-а, Решед ма вига алахьа цуьнга…
Бераша дог ӏовжийна воккха стаг, йоьӏан ӏаьржачу месех куьг а хьоькхуш, кийрахь воьлхура.
– Тхаьш мацалла лахь а, оха кхин хӏумма а лачкъайойтур йац Решеде… Алахьа Сарыбайга, оха, тхаьш даккхий хилча, болх а бина, и уьстагӏий дӏатокхур ду…
– Ма йелха, Зараъ! Хӏумма хир дац…, – йоӏана маслаӏат дан гӏертара ӏабдул-ӏаьзам.
Сарыбайс лелочо цецваьккхина ӏабдул-ӏаьзам шен дахарехь дуьххьара оьгӏазвахара.
– Айхьа дуьйцург хӏун ду хаьий хьуна? Акт хӏоттадо? Коменданте-м хьовха, Сталине а дӏадахьийта! Дайъийта цуьнга хӏара бобераш! Уьш шайн махкахь дитинехьара, цара хьан уьстагӏий лачкъор дацара, кху тӏуьначу цӏа чохь мацалла мажделла ӏохкуш а хир дацара, шуьниш санна, доьшуш, ловзуш лелаш хир дара! Хӏаъ, ӏедална йамарт хилла, ӏедална зуламдина, далийна уьш кхуза? Йуха а таӏзарна дӏалу! Ахь ӏадбитича а, кхо де далале, Дала Ша дӏаоьцур ду хӏорш!
Сарыбай воьхна хьаьвзира. Къоладинарг ша волуш санна, эхь хетта, цӏийвелира иза.
– Хӏара хӏун гӏовгӏанаш йу аш йийраш? – йистхилира, церан дов а хезна, чуйеана Сарыбайн зуда Умсунай. – Хӏунда йоьлху Зара, хӏун хилла берашна?
– Сарыбай ву-кх хӏорш коменданте дӏабала гӏерташ!
– ӏабдулла-акхсакхал, сан кийрахь адаман дог дац моьтту хьуна! – мохь белира Сарыбайн.
– Бераш? Коменданте дӏало бохург хӏун ду? – майрачунна тӏейирзира йоккха стаг. – Далла дохку байш! Хьо хьера-м ца ваьлла, чал[6 - Чал – воккхачу стагах олу гӏиргӏазоша.]? Ма доккха хӏума хили и хьан гирзаш даьлла кхо ӏахар…
– Хьайна цахуург ма дийца. Йоло цӏа гӏо. Цхьа а вац бераш коменданте дӏадала гӏерташ!
– Вала, вала! Хьалхавала! Хилийтахьа, кхоъ-м хьовха, кхойтта уьстагӏ а, кхойтта эмкал а. Ас айса токхур ду уьш.