Аннаш херадевлла тиша неӏ схьайиллича, боданечу жимачу цӏа чу волу. Цхьа долчу цхьана коран шина бӏаьрган ангалеш а дац. Уьш доьхначу теӏийна тиша тӏелхигаш йу. Чохь гуш йац мотт-гӏайба а, кад-ӏайг а. Мел стомма а стаг чухула паргӏат хьала а валалур волуш йолчу товханан шуьйрачу туьнкалгехула охьадеттачу догӏанна кӏел лата ца туьгуш, кӏур туьйсуш сийса тӏуьна гӏий. Гобаьккхина чухьоькхучу мохо арабала ца буьту кӏур чухула го бохуш хьийза. Цо ӏарждина пенаш а, тхов а, сегӏаз хьаькхча санна, лепа.
Оцу чухула дӏа неӏ йолу дехьара цӏа цӏена а, мелла а чохь йийбар йолуш а у. Цхьаъ бен кор дацахь а, и ша дерриг ангали диллина ду. Поппаран терхешна тӏехӏоттийна масех пхьегӏа йу, хьарчийна маьнги тӏе йоьттина мотт-гӏайба, пешахь йогуш йоккха цӏе а.
Ткъа дуьххьарчу боданечу цӏа чохь, цхьана маьӏӏехь тӏуьначу цӏенкъа тесначу истанган бӏегӏага тӏехь, хьарчийна тиша тужурка гӏевланга а йиллина, дуткъачу йургӏанна кӏел когаш мере оьзна ӏуьллуш зуда йу. И адаман овгол бегабора. Хезара вовшехйеттало цергаш. Неӏарх, корах а чу хьоькху шийла мох эттӏачу йургӏанах чекхбуьйлу. Шелло меженаш дӏахьулйан гӏерташ, йургӏа тӏеуьйзу цо, амма а кхечахьа деллалой, ков долу. Сихдина садоьӏу. Дегӏ дегадо. Дегӏа тӏехь хьацар ду, амма цунна шен кийрахь ша болуш санна хета.
– Шеллуш леш йоллу-кх… Везан Дела, хьан болх бу-кх… Дависа хьо дуьненан… Букъа тӏехьа йургӏа таӏо стаг мукъане а велара…
Хӏан-хӏа, цхьа а вац цунна орцах вала. Маилан маьхча Асвад эвла йуккъе ваьлла, цуьнан зуда Себила а суьйранна бежанаш оза ферме йахана. Товханна чухула охьа цӏийна тӏехьа цхьа ши адам луьйш хеза.
Сихдина доӏу са йуха а оьзна, йеттало цергаш тӏетта а таӏийна, Занус ладугӏу. Цунна девза оьрсийн а, гӏиргӏазойи а маттахь дешнаш лехьош цхьаьнца къамел дан гӏертачу Асвадан гӏоргӏа аз.
«Кхайкха-те со цуьнга? – ойла хуьлу Занун. – Кӏел мох хьоькхучу йургӏа таӏадойтур дара-кх. Йа, хьанна хаьа, сох къа а хетта, шайн чуьра деана, суна тӏе йургӏа таса а мегий цара-м…»