Нагахь хӏара йахлахь? Дуьххьарлерчу дийнахь а уьш иштта ида боьлча, тӏаьхьа хӏун хир ду?
Шина цӏенна йуккъера неӏ йеллайелира. Сехьа чу ваьлла Асвад, цкъа-шозза чухула дӏаса а волавелла, тӏаккха Зануна улло охьалахвелира. Зануна хааделира цо шен букъа тӏехьа йургӏа теӏош. Иза тоьира мискачу зудчунна там бан.
– Зану, – меллаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, кхайкхира Асвад.
– Хӏун бах ахь, кӏант? – йургӏанна кӏелхьара хьала а ца таьӏаш, жоп делира Занус.
– Дехьачу йалахьа. Хьоьга дан къамел дара сан.
Асвад, кхин хӏумма а ца олуш, шайн цӏа чу вахара.
Асвад пхийтта шо воккха вара Маилал. Шен деншичин кӏант фронтера цӏа веача, цунна Зану йалош, бахам меттахӏоттош а дика хьийзира иза. Кхуза схьакхаьчча а, хала хан тӏехӏотталц Маилан дола а дира цо. Амма, тӏаккха кӏез-кӏезиг хераволуш, эххар а, дӏатесира. Тӏамехь а, ӏожаллина хьалха а атта ца вуху стаг, амма къеллина хьалха ца вухуш дукха къонах ца волу. Ткъа Асвад къонахашца вагарван стаг а ма вацара.
Махкалла а, мацалла а ца лайра Маилан заьӏапчу дегӏо. Цкъа узар дина а, цкъа латкъам бина а, шен дагара ца хоуьйтуш, халонех къурдаш деш, хӏара санначу боданечу, тӏуьначу цӏа чохь салтийн чоина кӏел тийна дӏакхелхира иза. Цхьа волчу гергарчу цхьана стагах къаьстина Зану, бо санна, цхьалха йисира. Къона нус цхьа йита ца лиира а хаац, йа цуьнан къоначу ницкъах шайн ков-кертахь дечу гӏуллакха тӏехь пайдаэца лиънера а хаац, цкъа цхьана дийнахь веанчу Асвада шайн хӏусаме дӏайигира иза. Хӏетталц, урамехь тӏекхаьчча, а цуьнга чомахь вист ца хилла Асвад оцу дийнахь дуьйна дика вара цуьнца. Себила цӏахь йоцуш меттиг нисйелча, цхьа кана ахьар, йа хьаьжкӏаш, йа мукх, шаьш йууш йисча сирла чорпа луш а меттигаш йогӏура.