Вайшинна йуккъехь хиллачу къамелах лаций цхьана а адаме цкъа а бага ма гӏаттайе. Нагахь ахь цхьа дош аьлла меттиг хаалахь, ас аддамна хӏума ца хоуьйтуш, са доккхур ду хьан. Охьайахка хьайн гира хӏуманаш!
Занун гира йургӏа а, истанг а схьадаккха дагахь, тӏе куьг кховдийра Асвада. Амма, цхьа гӏулч йуха а хилла, Занус, куьг тӏехьа а дохуьйтуш, жӏоммагӏа хьалалецира.
– Сох куьг ма ӏотталахь, ас, диг тоьхна, корта батӏор бу хьан! Хьан несалара со дӏайаьлла, суна хийра стаг ву хьо. Некъ бита суна!
Оьгӏазаллех буьзна, цӏе санна, богучу Занун бӏаьргаш чохь бохалур боцу сацам гина Асвад, кӏилло йуьстах а иккхина, дехьа чу велира.
Мийра тоьхна неӏ дӏа а йиллина, арайаьллачу Зануна, лергашкахь дера шок йетташ, дуьхьалкхийтира ӏаьнан тӏаьххьарчу денойн шийла тӏуьна мох.
Асвадан кертара арайаьлла Зану урамехь йехха лаьттира, ша мича гӏур йу ца хуьуш. Хелипат дагайеара. Амма иза йуьртан дехьа йистехь гена йара. Цига дӏагӏерта дегӏехь ницкъ бацара. Цхьа-ши цӏа дехьа тоьли чохь ӏаш долу бераш дагадаьхкира цунна. Царах воккхахволу кӏант Решед дечке баханчохь цкъацкъа Занугӏаьрца нислора.
И буьйса оцу берашна йуккъехь а йаьккхина, шолгӏачу дийнахь
ӏуьйранна хьалххе Хелипат йолчу йаха дагахь, шен мотт-гӏайба ги а тоьхна, новкъа йаьлча, ша хӏун до а ца хууш, эвлал арайелира. Хӏор а дӏа тосучу гӏулчаца дегӏ гӏелдала доладелира. Гира мохь беза бацахь а, амма кийрарчу балано, кӏез-кӏезиг саттош, букархьовзийра нийса букъ. Цунна ца хаалора цӏеххьана тӏеделха доьлла, раз йуьхьа дуьхьал деттало шийла догӏа, дегӏах чекхбуьйлу шийла мох. Догӏанах а ийна, беснешна тӏехула комаьрша охьахьаьлхинчу бӏаьрхиша хӏоттийначу дахкаро долчу тӏе а кхолийнера цунна и йочане де.
Урамехь дуьхьалкхеташ стагга а вацара. Массо а шен-шен хӏусаме воьллинера цӏемзачу дийно. Диттийн дерзинчу гаьннашна тӏера охьаледара догӏанан мела тӏадамаш. Мотталора, уьш а шеца цхьаьна, къаьхьа бӏаьрхиш ӏенош, доьлху. Ткъа Зану хьалха дӏайоьдура. Цо хӏинца тергал а ца бора хатт, ца ларйора когара хӏетталц ша леррина ларйина Маилах йисина хохолаш а. Иза хьалха дӏайоьдура, амма стенга йоьду шена а ца хаьара.