Иза чкъа хьалха сецира ког тасабелча санна а хилла, цуьна-м кхин бала а бацара Чодин лоьро дӏайаьккхинчу кхелаца. Цӏа верзан ца лаьар-кха цунна сел хьалха. Хӏинца а дехха де дара хьалха, ткъа цӏахь хӏокхуьнца ловза стагга а вацара. Муха делахь а, Шидиций, Чодиций самукъне дара. И дӏайаьккхина-цайаьккхина кхела а йитина оцу шина накъоста ловзарш доладахьара. Айда хӏинца ворта ши кӏант волчу агӏора а озийна ша вериг а лерг хилча санна лодугӏуш вара. Шина кӏанта шега мохь тохаре сатесина вара иза. Цундела чӏогӏа хаза хийтира Айдина Шадас шега мохь тоьхча:
— Айда! Ва, Айда! Чода бакъ луьйш хилла хьуна! Цо аьшпаш буьттуш ца хилла! – урамехула дӏаса воьдург шаверг а ӏадавеш мохь олуш.
— Бакъ дацара иза-м! – куьг ластийна ша дӏаволало кеп хӏоттийна Айдас йуха а.
— Схьавола хьажа, хьо ца тешахь! – аьлча а Айда вуха ца вирзича, ца веша кеп хӏоттийра Шидас. – Кхеравелла хьо?
Шидас тӏаьххьара аьллачу дешнаша, цӏаьххьана шед тоьхна говра санна, вухахахкавалийтира Айда. Иза сихачу боларца тӏевеира накъосташна:
— Мила кхеравелла? Хьанах? – чугӏоьртира иза.
— Аьшпаш буьттург хьо хиларна кхеравелла-кх! – дуьхьала вирзира Шида а.
— Со хӏунда ву аьшпаш буьттуш, — цецваьллачу кепе велира Айда.
— Чодин кхела боккъала а лоьро дӏаьйаьккхина хиларна буьтту-кх ахьа аьшпаш, иза бакъ вац бохуш. Хьажал хӏинца, хьо ца тешахь! Чу пӏелг ӏоттал дӏо йоллачу кхелана тӏехьа, — шен йолуш санна Чодин бага пӏелгашца дӏасаозийна чу хьаьжира Шида.
— ӏа-ӏа-ӏа-а! – бен кхин дош алан аьтто боцуш къамелан йукъа ца гӏорталора Чода.
Айдас ца тешаш чӏечкъар йуьхтӏера ца дойуш, Шидина ша доккха гӏуллакх деш санна, геннара чукховдира шен хьажориг пӏелг. Латта охкуш цӏаьххьана гучубаьлла стомма нӏаьна санна пӏелг дӏасахьийзош дикка ваьллира кӏант. Цхьа хан йаьлча, Айда къежира, цуьнан пӏелга йуьхьиг кхела дӏайаьккхинчохь дисинчу жимачу орна чу ӏоттабелира.
— Хьажахь, дан а ма ду ор! – хазахетарца къевладаьккхира кӏанта шен къарвалар. Машарен тӏегӏана тӏе а доккхуш, кхечу агӏора дерзийра Айдас къамел.
— Чода, лозийрий хьо и кхела лоьро дӏайоккхуш? – хаьттира Айдас, хӏинца а шен пӏелг Чодин багахь хилар тергал ца деш.
— ӏ-ӏа-ӏ! – элира дуьхьала жоп луш Чодас.