Лазаме ду су́на хьан кхалхар, Мохьмад,
Хьан кошехь тер а.
Дӏае́ца, да́цахь а хьан санна похӏма,
Сан деган делхар.
Дӏае́ца ирсечу да́харан де́лар,
Сан де́ган къурдаш.
Кхуьуш бу, вайн латта кхидӏа де́лон,
Даймехкан мурдаш.
Со цхьаъ вац о́луш верг вайн нохчийн маттахь
Да́харан илли.
Кхидӏа а хазделла Нохчийчохь латта,
Ирс доккха хилла.
Со́барех, стогаллех ца бовла Ӏе́маш,
Кӏентий бу хьу́на.
Хьан иллеш, лаьмнашкахь даржийна тӏемаш,
Декаш ду хьу́на.
Хьо ве́хаш ву хьу́на массо а йуьртахь,
Массо а кхерчахь.
Къонахчун некъ ха́до дац лаьттахь чурташ,
За́ма мел керчарх.
Дӏае́ца сан деган къурдашца даьлла,
Безаман илли.
Ахь ӏамош поэзии новкъа со ваьлла,
Хьо паргӏат ӏилла.