Да́с кӏантана вониг хьоьхур дац.
Цхьана де́н кхо кӏант хилла. Да́с, ша́ ва́лале, весет дина хилла кӏенташка:
— Хӏокху вайн махка тӏера дӏабоьдуш кхо некъ бу шуна. Ца́рах ширчу новкъа ма гӏолаш, — аьлла.
Мацца а цкъа, хан йаьлча, шайн да́ веллачул тӏаьхьа, а́раваьлла дӏавоьдуш, цу ширчу некъа тӏе кхаьчна кӏенте́х уггар воккханиг.
— Вахана хьожур ма ву со, хӏокху некъа тӏехь хӏун ду, — аьлла, дӏавоьдуш хилла хӏара, новкъа а хӏоьттина. Дуьхьалбаьллачу саьрмикeо хаьттина кӏанте́:
— Ахьа хӏун до, кӏант, хьо cтенга воьду? — аьлла.
— Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан да́с, ша́ ва́лале, весет дине́ра, хӏокху новкъа ма гӏолаш, аьлла. Иза хӏунда аьлла хилла-те́ цо, бо́хуш, хьажа веъне́ра со-м, — аьлла кӏанта.
— Хьайн да́с бо́хучух а ца тешаш, веъна хьо?! Аса гойтур ду хьу́на кхузахь дерг-м: илли о́луш, хьо сол ца толахь, аса бер бу хьан болх. Хаьий хьу́на илли а́ла? — аьлла, хаьттина саьрмико.
Кӏанта, ца хаьа шена илли а́ла аьлча, кхаьллина саьрмико и кӏант.
Тӏаккха цуьнан шолгӏа волу ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь хӏун ду хьожур ма ву ша́, аьлла.
Цуьнга а, илли а́ла хаьий хьу́на, аьлла, хьаьттина саьрмико.
Ца хаьа шена аьлча, кхаьллина цо иза а.
Шен вежарий цӏа бахка хьебелча, кхоалгӏаниг, уггар жиманиг вахана царна тӏаьхьа.
Воьдуш, хӏара а саьрмик болчу кхаьчна, вукхаьрга санна, хӏокху кӏанте а дӏахьедина:
— Илли аьлла йа туьйра дийцина, хьо шел ца толахь, ша́ бер бу хьан болх, — аьлла.
— Дика ду. Ша́ туьйра дуьйцур ду хьу́на, — аьлла кӏанта. — Бакъду, дуьйцуш лаьтташ, вовшашна йукъагӏертар дац вай, дуьйцург чекхваллалц, дийца вуьтур ву вай. Нагахь йукъагӏортахь, иза эшна ву вайх. Ткъа со толахь, сан ши ваша схьалур ву ахьа, — аьлла кӏанта.
Цу тӏехь барт а хилла, кӏант дийца волавелла:
— Стохка ӏай хӏордана бинчу ша тӏехь говрийн ре́ма йа́жош вара со. Кхано бе́цах йуьзначу говрийн хи мала дезаш хилла, диг деттарх дагарца и исс аьрша стомма ша́ боха а ца белла, дагарх цӏе йиллира аса, ша башо. Цӏе а летта, сан диг, шах ӏуьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага тӏехь а йуьсуш.