Дукха хе́нахь дуьйна схьа гергарло лелош хилла шина дахкано, ца́рах цхьаъ бӏов чохь ӏаш хилла, ткъа важа лам тӏехь. Цкъа а вовшийн хьо́шалгӏахь ца хилла и шиъ.
Лам тӏехь ӏaш болчу дахкан дама а, жижиг а, дум а, кӏа а хилла, ткъа бӏов чохь ӏачуьнан ба́хам вуно ледара хилла.
Цхьана дийнахь, са а гаттаделла, лам тӏехь ӏаш болчу дахкано ша́ болчу хьо́ша́лгӏа кхайкхина хилла бӏов чохь ӏачу дахкане. Чӏо́гӏа хьо́шалла дина, йаийна, малийна, совгӏат а дина, цӏа баха новкъа а баьккхина, дӏабахийтина цо бӏов чуьра дахка. Цӏа а беана, чӏо́гӏа ойлане бахана и.
Цхьа хан-за́ма йаьлча, бӏов чохь ӏачу дахкано ша йолчу хьо́шалгӏа кхайкхина лам тӏехь ӏaш болу дахка. Шен уьйтӏахь доттагӏ гича, хӏусамна́на-дахкано, могаш-паргӏат а хаьттина, цуьнан да́харх лаьцна хетта йолайелла. Цу хе́нахь уьйтӏахула цициг хилла дӏадоьдуш. Эццахь хӏусамне́нан даг чу йамартло тесна. Хьо́шалгӏа беанчу дахкано хаийтина:
— И хӏун э́кха ду? Цуьнан бӏаьргаш сел чӏо́гӏа хӏунда а къега? — аьлла.
— И сан марна́на йу, йало мараэккха цунна, — аьлла, хьехар дина хӏусамна́на-дахкано.
И боккъалла а цуьнан марна́на йу моьттуш, бахана мараиккхина хьо́шалгӏа беана дахка.
Бӏаьрган негӏар тохале, цициго и, хап-аьлла, дӏакхаьллина.
Бедда бахана дахка лаьмнашка, цигахь карийна цунна шен доттагӏ хиллачу дехкан хӏусам. Цуьнан бисина берриге а ба́хам цу дахкана кхаьчна. Цу чохь тӏекӏал а баьлла, laш хилла дахка.
Цхьана дийнахь, мацалла дар а делла, хьийзаш хилла цициг. Лелла-лелла уьйтӏахула, кхин кхалла хӏума а ца карийна, ло́ма дахана и. Мерзачу дуьман хьожа а йеъна, цициг цу aгlуop, тебаш, тӏедахара. ӏуьрга чу дахча, цунна берстина ба́ттӏа боллуш дахка гина ӏуьллуш. Тӏекхетта схьа а лаьцна, дӏакххаьллина цициго шен доттагӏчунна йамартло йина дахка.
Эрна аьлла ма дац: «На́хана даьккхинчу ор чу ша́ эккха».