Ламанан цхьана юьртахь, дикка бӏешераш хьалха, яханчу заман чохь, вехаш-ӏаш эла хилла, наха цӏе йоккхуш, гӏараваьлла эла.
Цу элан кхуьуш Хилла, корах арахьаьжнарг бен дуьне а газа, цӏа чуьра, цӏенкъарий бен, латта а хьашаза, мерза даош, кӏедачу метта йижош, малх санна къегина, беттан санна нур лепаш, хаза йоӏ.
ӏаьнан заман чохь ламанан басешкара охьа чу салазаш а хоьхкуш, сакъоьруш хилла юьртара бераш. Цу салазаш хоьхкучу берашка корехула ара а хьоьжуш, самукъадолуш ӏаш хилла, шен цӏе Айзан йолу, воккхачу элан экаме хаза йоӏ.
Басара салазаш хаьхкина охьадогӏучу берех цхьаъ, леррина новкъахь берийн салазаш тӏоьхула лелхийта йинчу залк тӏе ма кхеччи, салазаш тӏоьхула лелхийта воллуш, салазо гlo а хьаькхна, охьакхетта.
Кӏант охьакхеташ гина, корах арахьоьжу Айзан, гӏадъяхана, елаелла. Охьакхетта, лаза а вина, дог даьттӏа ӏуьллучу жимачу кӏанта, оьгӏаз а вахана, лайра ша хьаьлаайалушшехь, Айзане аьлла:
— Сох йоьлучул, дуьненахь а цӏеяххана, гӏараваьлла вуьйцучу бос хазчу Мусе яха, иза лехча, тоьлара хьуна.
Салазаш хоьхкучу кӏанта, шена цкъа а вуьйцу а хазаза, баьрга а газа волчу бос хазчу Мусин цӏе яьккхича, иза шена хьалха волуш санна, цуьнан сурт а хӏоьттина, ша муха йолу а ца хууш, кора уллора гӏелъелла дӏаяьлла Айзан. Цул тӏаьхьа де-дийне мел дели, хан-хене мел ели азлуш, якъалуш, дакъазаяла йоьлла элан йоӏ Айзан. Дууш, молуш а доцуш, еш наб а йоцуш йолчу йоьӏан тидам хиллачу нанас хаьттина:
— Хьуна хӏун хилла? Хӏун цатам хилла хьуна? Ма гӏелъелла хьо, сан хьоме йоӏ? —
аьлла.
Мел хаытича а, йоӏа шен бала балхош ца хилла нене. Тӏаьхь-тӏаьхьа гӏеллуш, якъалуш лаьттачу йоӏа, нанас ша ца йитча, ма-дарра дийцина, ша стенна холчухӏоьттина:
— Цхьана дийнахь, вайн корах арахьоьжуш ӏачу суна, салазаш хоьхкуш дуккха а бераш гира. Салазаш хаьхкина вогӏуш, царна юккъера цхьаъ охьакхийтира. Сан цунах елар иккхира. Со елаелча, оьгӏазваханчу цу кӏанта, бӏаьрга газа, вуьйцу хазаза волу Муса, тӏехтуьйхира суна, хӏетахь дуьйна иза дагавоьхна, цуьнан сибаташ юьхьа дуьхьал хӏуытуш, са ца детталуш, дакъазаяьлла со, — аьлла.
Йоӏ йолчуьра, хьаьдда шен цӏийнда волчу а яхана:
— Вайн йоӏах цхьа хала цамгар кхетта, йоьжна иза, — аьлла нанас. Сихонца массо а маьПе оьзданаш бахийтина, кхайкхина говза лоьраш а балийна, воккхачу эло цаьрга аьлла:
— Сан йоӏ цамгарх тойинчунна цхьа сахь деши лур ду ас.
Гулбина балийнчу говзачу лоьраша шайна хуу массо а тайпа молханаш лелийна, амма хӏуъу а дича а, йоӏана дарба хуьлуш ца хилла.
— Цамгар муха ю, хӏун лозу хьан? — бохуш, лоьраша, лаахь а, ца лаахь а, хьайн бала схьабийца, аьлла, хьовзийча, Айзана аьлла:
— Аша мел молханаш лелийча а, суна хила дарба дац. Шух долу эхь-бехк дала лардойла, цкъа а бӏаьрга газа, вуьйцу хазаза волу, бос хаза Муса дагавоьхна, цо якъош, дакъазайоккхуш ю со. Муса воцчо, дан дарба дац суна.
Бахана лоьраша йоьӏан дега эле аьлла:
— Хьан йоӏана тхан дан дарба дац. Цунна бӏаьрга газа, вуьйцу хазаза волу, бос хаза Муса дагавоьхна. Хьайн йоӏ кхин дакъазайолийла ца лаахь, иза лехна вало веза ахьа.
— Оццул лерина ша ӏалашъеш, кхиийнчу йоӏана Айзанна бӏаьрга гина а, вуьйцу хазаза а, мила ву а ца хуу нехан стаг дагавохар шена доккха эхь тӏедар ду, — аьлла, оьгӏазваханчу эло, лоьрашна шайна йогӏу ял дӏа а елла, дӏа а бахийтина, чехкка говза пхьераш а ӏ52гулбина, цаьрга боккха чӏоь а байтина, Айзан цу чу йоьллина, тӏоьхула негӏар дӏа а къоьвлина, охьадоьдучу доккхачу хи чу кхоьссина. Бакъдолчо, хьакъдерг ша лохуш хиларе терра, хе охьахьош болу Айзан чохь йолу чӏоь, буьйсанна текхийна дикка дӏаихинчул тӏаьхьа, сатоссучу заман чохь цхьана гӏайри йисте тесна.
Шен вешица ехаш йолу бос хазчу Мусин йиша, хьалххе гӏоттий, хи тӏе йоьдуш хилла, хи дан. Хи оьцуш йоллучу Мусин йишин бӏаьрг кхетта, гӏайри тӏе а тесна, лаьттачу чӏоьнах.
Сихха хьаьдда цӏа а еъна, кертахь лаьтта ши сту салазана а боьжна, яханчу йоӏа, гӏайри тӏехь ӏуьллу чӏоь хала а, атта а теттина, салаз тӏе а баьккхина, цӏа беана.
Меллаша, чӏоьн негӏар дӏа а диллина, чухьаьжча, цу чохь дукхе-дукха чӏогӏа исбаьхьа, хаза йоӏ гина Мусин йишина. Цуьнан хазачу сибатах цецъяьлла, тамаша бина тӏекхеттачу Мусин йишас, йоккхаерца мохь тоьхна:
— Эхӏ, сан цхьаъ бен воцчу хьомечу вешина нускал а, суна нус а ю-кх хьо! — аьлла.
Сихонца Айзанна тӏера тӏадийна бедарш дӏа а яьхна, шен бедарш цунна тӏе а юьйхина, дика даийна, малийна, элан йоӏ хьешан цӏа чу а йигина,паргӏатъяьккхина.
Генна махка лела вахана бос хаза Муса шолгӏачу дийнахь цӏа веана. Шен вешина дуьхьал а яьлла, нуьйран луьйта а лаьцна, говрара охьа а воссийна, йишас дехар дина Мусега:
— Сан хьоме ваша, Муса! Кӏиранна лела вахча, баттахь лелий вогӏу хьо, баттана лела вахча, шарахь лелий вогӏу. Цхьалха цӏахь ӏен со кхоьру. Хьуна нускал а, суна нус а, накъост а хир яра, цхьа зуда ялаяхьара ахь!
Вашас, бос хазчу Мусас, йишина барт а тоьхна, аьлла:
— Хьо йиша а, цхьа деган доттагӏа Гар а бен дуьнен чохь кхин гергара хӏума дац сан.
Шуьша суна тоьар ду. Кхин ма алалахь соьга, зуда ялае.
Цул тӏаьхьа дуьхьал долчу оти чу а вахана, чехкка хӏума а кхаьллина, Муса юха а лела вахана.
Мусин цхьаъ бен йоцчу йишас, чехконца мах а белла, говран бере вахийтина Теркал дехьахь вехачу, Мусин деган доттагӏ, ногӏийн Гар волчу.
— Цуьнан деган доттагӏ, бос хаза Муса, боккха бохам иккхина, холчохь а ву, хьоьга чехкка шена тӏе кхача а боху, ала, — аьлла.
Хабар эцна ваханчу беречуьнца цхьаьна, веана схьакхаьчна Мусин деган доттагӏа ногӏийн Гар. Цо салам делла, Мусин йишас аьлла:
— Ахьа бехк ма биллалахь суна, Гар, салам схьаэцарна. Муса цӏахь воду дела, ийцира аса хьоьгара салам, со зуда йоллушехь. Мусина хӏумма а ца хилла, иза цӏахь вац, аса йишалла лелор ду. Хьоьца доккха гӏуллакх хилла кхайкхийтина аса.
Гар, охьа а воьссина, чувахана. Мусин йишас ша къайлаяьккхина кхобу Айзан гучу а ца йоккхуш, шен вашас зуда яло цалаар а дийцина Гаре, цу тӏехь Муса берта валийна, цуьнга зуда ялаяйтар а дехна.
Лела вахана Муса цӏа веана. Шайгахь, шен деган доттагӏ, ногӏийн Гар карийна, воккхавеш, хьоьвзина иза. Шаьш паргӏатдоьвллачу хенахь, Гара Мусега зуда ялаяхьара ахьа, хӏокху хьан жимачу йишин къа ду, аьлла, дехар дина. Мусас оьгӏаз а вахана, лата воллуш санна, дов а доккхуш, дуьхьало йина, зуда ялор яц ша, аьлла. Гара, хӏуъу а хилча а, хьуна зуда ялоза дӏагӏур вац ша, аьлла, зуда ялор чӏогӏа тӏедожийча, Мусас шена зуда яло хӏунда ца лаьа дийцина:
— Сайчул хаза ши зуда вайн махкахь а яцара. Вай хӏетахь вовшийн доьвзаш дацара. Сол жима xlapa сан йиша а яцара хӏетахь дуьненахь. Ши зуда цӏахьа юьтий, лела воьдура со.
Шиъ цӏахь буьтуш, кхоалгӏаниг тӏе хуий воьдуш, кхо дин бара сан. Генна лела воьдий цӏа веъча, цӏахь садаӏа битина ши дин, аса тӏехиина бигинчул азлой, гӏеллой карабора суна. Цунна со чӏогӏа сингаттаме вара. Зударех-м со башха шек а вацара. Xlapa хӏун ду хааза ӏийр вац, аьлла, ворхӏ дей, буьйсий лаьцна, охьавижира со, цкъа лелавахана цӏа веъча. Со уллорчу цӏа чохь вижина ӏуьллуш, сан шина зудчо иштта къамел долийра, къайлах:
— Мусас цкъа охьавижича ворхӏ дей, ворхӏ буьйсий доккху. Муса самавалале, ӏаьржа- Хожа волчу яхана сакъийрина ян еза вайша. Ца йоьдуш хьелахь, ӏаьржа-Хожа оьгӏазгӏур ӏ53ву, — аьлла, меллаша ара а яьлла, сан шина говрана нуьйраш а техкина, дӏаиккхира.
Сихха хьала а иккхина, бухайисинчу говрана нуьйр а тиллина, тӏехиина тӏаьхьахаьхкира аса а. Хьалха ши зудий, уьш бӏаьрган ӏалашонера дӏа ца хоъцуш, къайлах, тӏаьхьаоьху сой, хих а доьвлла; цхьана ломах чудуьйлира. Со зударшна ца гора, амма суна уьш гора.
Лекхачу лома кӏел ма кхеччинехь, шина зудчо ломе элира:
— Хьуна тӏехьа вехачу ӏаьржачу-Хожин ши езар ю тхойша. Бос хазачу Мусин ши зуда а ю. Муса самавалале, ӏаьржачу-Хожица сакъийрина юхаерза еза тхойшинна. Чекхъялийта тхойша.
Лам бекъабелира. Сан ши зуда дехьаелира. Лам юха ваьштабеана балале, со сайн динна шед тоьхна, дехьаиккхира. Ломал дехьа доьвлча, шина зудчунна тӏаьххье, къайлах, и шиъ йоьдучу керта вахара со. Ши зуда ӏаьржа-Хожин цӏа чу яхара. Со дӏа а лечкъина, и шиъ ларъя хиира, ла а дугӏуш.
— Шуъшиъ хӏинццалц хӏун деш ӏара, ца йогГуш? — аьлла, зударшкара схьа а яьккхина, царна шед етта вуьйлира ӏаьржа-Хожа. Йиттина, йиттина сан ши зуда аракхоьссира цо.
Ши зуда йоьлхуш, угlуш, цӏехьа йолаелира. Со, ӏа а ца велла, чуиккхина, ӏаьржачу- Хожех летира. Вехха тхойша леттачул тӏаьхьа, ӏаьржа-Хожа суна кӏелвахара. Шаьлтанца хьаьккхина, цуьнан корта а баьккхина, иза таьлсаш чу а биллина, сайн ши зуда ца йоьдучухула говр хаьхкина, хьалххе цӏа а вахана, ӏаьржа-Хожин корта маьнги кӏел а карчийна, сайн говр чехкка паргӏат а яьккхина, хьалха санна, дӏавижира со. Дукха хан ялале, цӏа ма кхеччинехь, сихха говраш паргӏат а яьхна, чу а еана, хьалха санна вовшашца къамел дан йолаелира ши зуда:
— Вайшиннан цӏийнда Муса-м ха а харцаза, тохара санна, вижина ӏуьллуш ву, — бохуш.
Цхьаммо торгам, вукхо нуй кара а эцна, цӏийнноналла дан йолаелира и шиъ. Къайлах, уьш тергалбеш ӏаш вара со, цхьаммо хьалхара нуй а хьоькхуш, вукхо тӏаьхьара торгам а хьоькхуш, йогӏу ши зуда маьнги кӏел кхечира. Цу кӏелхьара корта гина, иза схьакарчийча, ӏаьржачу-Хожин корта буьйла ма-хиъинехь, иза бовза а боьвзина, маьхьарий хьаькхна, араиккхира сан ши зуда. Иштта, аса езаш ялийнчу шина зудчо сайна ямартло йича, кхин зуда ца яла́гӏоӏо йина ӏаш ву со. Аса кхин зуда ялор яц. Аса доьху шуьшинге а, со цахьийзор.
Тӏаккха ногӏийн Гара къамел дина бос хазчу Мусе:
— Муса, божаршна юкъахь а волу, наггахь, цу кеппара ямарт стаг. Зударий а, божарий а тайп-тайпана хуьлу. Ахьа дика ладогӏалахь, аса хьайна дуьйцу долчуьнга:
— Сайл дика кӏант а вац, дин сайчул дика цхьана а кӏентан а бац, бохуш, лелаш вара со.
Цхьана дийнахь вайнехан а, гуьржийн а, хӏирийн а лаьмнийн доза къаьстачухула воьдуш вара со. Генара дуьйна богӏу боккха бода а, хьоькхуш мох а, ӏаламат чӏогӏа дур а дара хезаш. Дур герга кхачарца, суна тӏекхечира мера кӏел чо а балаза берашха стаг. Иза, соьга салам а луш, тӏехвелира. Аса тӏаьхьа мохь а тоьхна, цу кӏанте дийхира:
— Дела дуьхьа, со а витий, ма гӏахьара хьо, хьайца вигахьара ахьа со, — аьлла.
Аса шега иштта чӏогӏа дехар дича, говр саца а йина, со тӏе а кхиийтина, шен говран гӏонжагӏаш схьа а даьстина, сой, сан говррий, шен говран нуьйрах дӏадехка вуьйлира воьвзаш воцу бере. Аса юха а дехар дира ца воьвзачуьнга:
— Со дика кӏант а, дин дика хеташ а кху хене ваьллера со. Сан а, сан говран а сий ма дайахьара ахьа! Хьуна тӏаьххье дӏавогӏур вара со, жимма шорто вахчахьана, — аьлла.
Сан некъахо чаболахь вахара, со ма йоьдду говр хаьхкина вахара. Цкъа а сан а, сан говран а лар кхачаза долчу лаьмнашна юкъа дахара тхо. Цигахь цхьа йоккха гӏала яра. Сан накъоста соьга элира:
— Хьо кхузахь саца, xlapa сан говр дӏа а лоцуш. Со кху гӏали чу воьду. Доккха тата дер ду хьуна, кхера ма лолахь. Нагахь со цу чуьра ара ца валахь, xlapa сан говр хеций, хьалха а яккхий, xlapa йоьддучу гӏолахь. Xlapa яханчу юьртарчу нахе сох хилларг а дийцалахь.
И къамел а дина, сан накъост чувахара. Пали чохь инзаре тата а делира, цхьа наьрт-орстхо вен а вийна, цуьнан баьккхина корта а бахьаш, сан некъахо юха а веара. Кхечу гӏали чу вахара кӏант. Цу чохь а чӏогӏа тата делира. Дукха хан ялале, хьалха санна, ша вийначу ӏ54наьртхочун баьккхина корта а бахьаш, схьавеара кӏант. Кхоалгӏачу гӏали чу воьдуш а чӏогӏа лерина, тохар санна, весет дира цо. Амма цу гӏали чуьра кӏант ара ца велира. Иза ваханчуьра гlap а, тата а тийра. Хӏуъу а хилахь а, вахана, хӏун хилла хьожур со, аьлла, цу чу вахара со: сан накъост тӏехь а, наьртхо бухахь а волуш, ший а велла карийра суна.
Бухахь ӏуьллучу наьртхочо шена тӏерачу кӏантана йоьхкина цергаш, кӏентан мочгӏалех чекхйоьвллера. Сайн болчу ницкъаца кӏант наьртан багара ваккха гӏиртира со. Иза схьа а ца ваккхавелла, цуьнан говр хьалха а лаьллина, цӏа вахара со. Дукха оьхуш, кӏезиг оьхуш, говр хьалхий, со тӏаьхьий цхьана юьрта а дахана, цхьана нехан кех чуйирзира хьалхара говр. Гӏиллакхана, говрара охьа а воьссина, сайн говран юьхь а лаьцна, со тӏаьххье уьйтӏа вахара. Говр а, со а керта доллушехь, дуьхьалвелира суна цхьа воккха стаг. Аса делла садам дӏа а эцна, маршалла а хаьттина, аса ялийнарг а, сайниг а ши говр паргӏат а яьккхина, со шега дийца волавалале, воккхачу стага соьга элира:
— Хьаша, сан йоӏах хилларг ма-дарра схьадийцалахь, иза еллий-м суна хаьа хьуна, сан кӏант! — аьлла.
Воккхачу стага «йоӏ» аьллачу дашах тамаш бина, инзар а волуш, аса сайн накъостах хилларг ма-дарра дӏадийцира. Тӏаккха воккхачу стага соьга элира:
— Хьоме кӏант! И хьох кхеттарг кӏант вацара. Иза сан йоӏ яра, шийтта шо бен хан а йоцуш. Аса цуьнга дуккхазза а олура, хьан дегӏехь ницкъ белахь а, хьо хӏинца а жима ю.
Хьайн пхийтта шо кхаччалц сатоха. Хьайн кхаа вешийн чӏир тӏаккха екхалур ю хьоьга!.
Цу сан йоӏа вийначу кхаа наьртхочо сан кхо кӏант, йоьӏан кхо ваша вийнера. Цунах кхеттал хилчахьана а, шен вежарий байина мостагӏий, нахана ницкъаш беш, бохамаш беш болу наьртхой, хӏаллакбаза ӏийр яц, олуш яра иза. Кхин а кхаа-деа шарахь сатоьхнехьара, йоккха а хир яра йоӏ, ницкъ тоьлла, дийна йиса а мегара. Ахьа суна динчу гӏуллакхана баркалла хьуна, аьлла, суна кхаара чохь болу дин а белла, шен йоьӏан дакъа цӏа дан вахара воккха стаг. Зударий а тайп-тайпана хуьлу хьуна. Дика а, вон а. Ахьа, хабар а ца дуьйцуш, зуда яло еза, хьайн йишин лаам кхочуш а беш, — аьлла, Гара къамел дича, Муса резахилира.
Цунах кхаъ хиллачу Мусин йишас, ша, къайлах, чохь кхобуш йолу оьзда йоӏ Айзан гучу а яьккхина, Мусий, Айзанний вовшашна чӏогӏа реза а хилла,бертахь, доккха ловзар хӏоттийра ногӏийн Гара а, Мусин йишас а.
Боккхачу безамца, цӏенчу дагца баха хоьвшира бос хаза Мусий цуьнан мерза езар Айзанний, хьоме йиший, тешаме доттагӏ ногӏийн Гаррий.
Цу шинна йоӏ хилча, наха цуьнан хазалла, дикалла а гоьйцура, церан кӏант хилча, наха цуьнан майралла а, оьздангалла а, тешаме хиларха дуьйцура.