Ге́на ара́во́луш,
«Марша гӏойла», – о́луш,
БӀаьргийн шийла къежар,
ГӀийла тӀаьхьахьежар,
Деган кийра дулий,
Соьца новкъадо́лу…
Некъаш тегна ге́наш
Кхийзадаларх ге́на,
И хьан бӀаьрахьежар,
Дог ца до́гӏуш къежар,
Даго дуьхьал лоьцуш,
Уойланашца соьцу.
Сингаттамо Ӏуьйшуш,
Некъан болар луьйсуш,
Деган пенах тесна,
Хьо́ме́ амат эцна,
Синтем чо́мах бо́лий,
Со-м дӀавоьду, во́лий.
Уойла кхерсташ герга,
Хьан марзонийн цӀергахь,
Даккхий синош до́хуш,
Ваттавала, во́гуш,
Марша Ӏойла – о́лий.
Со-м дӀавоьду, во́лий.