Са́рахь массо а гуллой, цхьаьна хӏума а йуъш, э́шарш а лоькхуш, садоӏуш ӏара.
Хьуьнахахь сиха даьржа хӏума. Цхьо́гална а хиъна, кӏудал-бӏов чохь ӏаш зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий уй.
— Аттаниг атта дара-кх! Це́ран чо́ме хьажа йеза со, — аьлла, кӏудал-бӏов йолчу, тебаш, тӏедахана цхьо́гал.
Кӏудал-бӏов ларйеш, гонах лелаш, ле́рина дӏа́сахьоьжуш, зу хилла. Кӏудал-бӏов чуьра пхьидо дечу чӏе́палгийн хаза мерза хьожа йогӏуш хилла. Кхин тоха са а ца хилла, кӏудал- бӏаьвна улло дахана цхьо́гал. И гучудоллушехь, шен массо а кӏохцал дуьйсина, хьоьвззина горгайелла, цхьо́гална дуьхьал керчина зу.
— Хьох-м де́ра ца кхоьрура со, дӏайа́ла суна новкъа́ра, — аьлла, чудаха доьлле́ра цхьо́гал.
Дӏа́сакерчаш и чу ца дохуьйтуш хилла зуьно. Йаьлла гӏовгӏа хезна, а́раикхкхира моьлкъа.
Шена цхьо́гал гича, дедда цуьнан когех хьерчаш, новкъарло йира цо цхьо́гална. Цхьо́гал, ког хьала а айина, моьлкъа охьакхосса гӏертара, амма моьлкъа чӏо́гӏа тасабелле́ра. Зуй, моьлкъий цхьо́гална дуьхьало йеш бохкуш, дитта тӏехь бӏараш гулдеш йоллучу тарсална уьш гина. Дитта тӏоьхула лахха охьа а йеъна, шен ницӏкъ ма ббу, хьажош, цхьацца тухуш, бӏараш детта йолайелла тарсал цхьо́гална. Эццахь зингат а хилла цӏа до́гӏуш. Цхьо́галх тасабелла бохкуш шен доттагӏий гича, зингат сихха дахана цхьо́галан цӏоганах таса а делла, дедда-дедда цуьнан муцӏар тӏе а даьлла, мерах цергаш йоьхкина. Мохь-цӏогӏа даьлла цхьо́галера. Гаттоне хьовзийна цхьо́гал доттагӏаша. Кхин дан хӏума а ца хилла, дол-долуш, ге́на а даьлла, дедда дӏадахана цхьо́гал. Шайна йукъахь барт хилла де́ла, тоьлла уьш цхьо́галал.
Оцу хе́нахь пхьид а́райаьлла:
— Шу ма хьеделла. Чӏе́палгаш кийча ду, чудуьйла, хӏума йаа вай, — аьлла, массо а чукхайкхина цо.
Йуьхь-куьг а дилина, чӏе́палгаш даа, чай мала охьахоьвшина уьш. Ца́ра соьга а кхайкхира, аса цаьрца чӏе́палгаш а диира, чай а мелира. Хӏинца а хаза бертахь шайн кӏудал-бӏов чохь де́хаш-ӏaш ду зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий.
Цу тӏехь сан туьйра чекхдо́лу, гӏалдий-булдий царна, кӏайн бож вайна.