Ма сирла а хуьлу и! Сунна Кустанайхь, цӏера арадаьхна вай ӏийначу меттехь гина иштта токачиркхаш догуш, — хӏинца-м баба а йара кӏантал а чӏогӏа ойланашка йахана, йуьхь серлайаьлла.
— Баба, и «ӏедал» бохуш верг ву и вайна ток а, радиу а дӏатосург? – хаьттира кӏанта.
— Хӏаъ, «ӏедал ву». Хӏинца и ӏедал керахь дерг дика стаг хилан везаш ву, цо вайна диканиг деш делахь, — кхетавора кӏант бабас.
Цул тӏаьхьа масех де а делира, Сайдӏалис шайн кетӏа дехкина бӏогӏамаш ларош. Лулахойн бераш а царнна улло дахача ца мегара и. Амма кхоалгӏа, деалгӏачу дийнахь луларчу берашца цхьаьна оцу бӏогӏамашна тӏехула дӏасауьдуш ловзан велира Сайдӏали а. И бӏогӏамаш «ӏедална» дицделла моьттура берашна, уьш-м шайна тӏехь ловза деъна долуш санна хетара царнна. Амма цхьа кӏира хан йаьлча урамна лахаагӏора бӏогӏамаш дӏадугӏуш хьалабогӏуш белхалой хаабелира берашна. Тай тоьхча санна нийса дӏахӏиттадора цара бӏогӏамаш. Хӏинца-м Сайдӏалигӏеран кетӏара бӏогӏамаш а дӏасахьош дӏахӏиттийра белхалоша. Оцу белхалойх хӏун олу а ӏемира берашна. «монтоьраш» олуш хиллера царах-м.
Кестта ураман лакхаагӏора къевлабелира дӏахӏиттийначу бӏогӏамийн нийса могӏа. Сайдӏалис-м шен садуура кхин дӏа ураман лакхахь хӏун деш бу «монтоьраш» ца хууш. Тарахторна тӏаьхьатесничу стаммийн аьчган биргӏанех йинчу салазна тӏехь дечиг санна тӏеботтабелла «монтоьраш» некъана хьалаагӏора боьлхура шайн бӏогӏамаш дӏадугӏучу метте. Дикка лакхахь некъо голатухучохь къевлайолура салаз, «монтоьраш» а хуьлура тарахторан гӏовгӏнал а чӏогӏа алан гӏерташ мохь туххуш къамелаш деш, самукъне боьлуш, салаз а, тарахтор а къевлайаьлча а схьахезаш. Сайдӏали салазна улло а эккхий тӏаьхьауьдура некъо голатуххучу кхаччалца. Амма жима кӏант кхин гена вала ца ваьхьара шайн цӏенна. Бабас дов дан а тарлора, нагахь цунна дӏатусалахь. Цундела гӏийла генадолучу тӏулгашна тӏехула текхаш салазн гӏоша дечу, цӏийзарна тӏаьхьавада сакӏамделла ла а дугӏуш вухавирзира жима Сайдӏали.
— Хӏей, Сайдӏали, радиву йуьллуш йолу салаз стенга йахара? – мохь туьйхира лулара берашна хьалхаваьлла ведда вогӏучу Ибрахӏимас.