— Хӏей, де́ла диса хьо хьайн да́ вйелла! — аьлла, вахана, шен ворда дӏа а хецна, хьаьккхина и вовшах а йоккхуш, утармин ӏуьргах чекхйаьккхина кӏанта.
Тӏаккха тӏевоьллачу кӏанта, тоьхна цхьа сту а бийна, цунах кегийра да́къош а дина, и да́къош утармин ӏуьргах чекхдо́хуш хӏара воллуш, веана цӏа кхаьчначу да́с, куьйсачу стага, хаьттина:
— Хьо хӏун деш ву? Хье́ра-х ваьллий хьо? — аьлла.
— Со-м хӏара неӏалт хилла йовсар чекхдаьллачухула, чекхва́ла гӏерташ ма воллура. Ворда а, цхьа сту а чекхбаьккхина во́луш воллу со. Хӏинца цхьа сту бен бисна а бац, — аьлла, жоп делла кӏанта.
— Дӏава́ла, хьаштдо́цург ма леладе! — аьлла, воьхна хьаьвзина куьйса стаг.
— Дохково́лий хьо? — аьлла, хаьттина кӏанта.
— Дохкова́ла а ца ва́ла а, хӏума да́цара и-м. Хӏан, ва́лал, дитал и, — о́луш, куьйсачу стеган керта бахана хӏорш.
— Хьадал, оцу Вайн бешана керт йел! — аьлла, вахийтина куьйсачу стага хӏара кӏант.
Кхано, керт йина ваьллий-те́ хӏара, аьлла, вахана куьйса стаг. Бешана гобаьккхина кегаш а йоьхкина, ӏаш карийна кхунна кӏант.
— Хӏара хӏун ду ахьа динарг? Иштта йо керт? Аса даьхний чекх ца доьвриг керт йе ца аьллера хьоьга? — аьлла, карзахваьлла куьйса стаг.
— Де́ра дац хӏокхунах чекх-м, цхьа а бежана а, йа стаг а! Хьажал, хьо ва́лалой, хьо ца тешахь, — аьлла кӏанта.
— Хьажахьа, оцо дуьйцучуьнга! — аьлла, кегаш тӏоьхула ког дехьа боккхуш хӏара воллуш, дика лачбоккхуш, хьокха тоьхна, ност а йош, куьйса стаг охьа а виллина, хаьттина кӏанта:
— Ва́лалур вуй? — аьлла.
Цул тӏаьхьа, цхьана буьйсанна шен не́не аьлла куьйсачу стага:
— И кӏант вай аттачу балхах дита ца воллу. Дӏавахийтаза вер вац иза. Тховса оцу вайн ӏожа тӏе а йа́лий, атйокхах йека хьо. Шен йал а йелла, дӏавохуьйтур ву вай и кӏант, — аьлла.
Тӏейаьлла, «ат-йокх», «ат-йокх», аьлла, атйокхах йекна на́на.
— Неӏалт хуьлда хьу́на! Стенна йека хьо, хьайн хан йоцуш? — аьлла, а́рахь вижина ӏуьллучу кӏанта топ тоьхна, охьайахийтина куьйсачу стеган на́на, атйокх йу моьттуш.
Тӏаккха ойлайан хоьвшина хӏорш, мар а, цуьнан зуда а: