— Хӏан, дӏайолий хьуна хӏокхо шен масатоп! — мах хадийра Турпалханас ӏарбийн чукхоссаваларан.
— Арахь ӏарж ца йелича, вайн кораш дикка дӏакъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай, — кхетийра аса доттагӏий.
Тхан нанас Казахстанера цӏа ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискагӏишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш йацара. Со вуьжучу чохь ӏаржйелча, коре хӏумнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.
— Делахь, ӏаржъйаллалц кетӏадовла вай? Арахь хаза йовха суьйре йу вайна, — элира цхьана меттехь ӏен са ца туьйчу ӏарбис.
— Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кетӏа?— дийхира аса.
Тхо кетӏадевлла цхьацца дуьйцуш ӏаш, цӏаьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана тӏехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин дӏа хезаш вацара со. Малх анайисте гӏоьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна хӏинца.
— Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун гӏирс кечбан воллу, — аьлла бахьана а хӏоттийна со чувахара.
Сонехь йакъайалийта пенах тоьхначу хьостамна тӏеоьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх латош цунна дуьхьала йерзийна, цу тӏехь лехира аса Малижийн сурт долу кадр. Кӏайн-ӏаьржа томмагӏ бен гуш дацахь а, сан бӏаьргашна хьалхахь-м дара йоьӏан йуьхьсибат. Стигалан басахь бӏаьргаш а хетара лепаш, оцу пленкийна тӏера сурт ӏаьржа-кӏайн бен даккха йиш йоццушехь. Пленке хьоьжуш соцунгӏа хилла ойланийн йийсарехь лаьттара со. Мел хьомен дара оцу пленкийна тӏехь Малижин сибат гуш долу кадр. «Хьажал, Малижа, и дӏо сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш йу-кх!»— ӏумаран аз дийкира цӏаьххьана стигланаш къевкъаш санна чӏогӏа сан лергахь. Сайн керара пленка аса кхоьссина йахийтира соне.
— Ахьа хӏун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин тӏе суьрташ дахан гӏерташ вай дийнна де ма дайъина! — чоьхьаволлушехь суна тӏечевхира ӏарби. Амма соьга хьаьжча, сан оьгӏазен йуьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.
— Сайдӏали! — олуш цецдеина сецира Турпалхан а.
Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.
— Дика ца йаьлла и пленка, — ӏехийра аса ши накъост.
— Хӏумма а дац.