Суна-м хӏинца хьалха дуьххьара хезича санна иштта чӏогӏа новкъа а дацара ӏумарас йоӏе дуьйцу мерза дешнаш. Со-м хӏинца кхеташ вара сайн иштта йоӏе къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдогӏийла а дацара, дукха дешаран тӏехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, йезар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, тӏаккха цхьа корматалла ӏамон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна гӏодан деза. Сайн хӏусама вовшахтохан хенахь аьтто хир бац», — ойланаш йора аса цӏаьххьана воккха хилча санна. Ойланаша ӏехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка тӏехьависина чувеира со классе. Сан декъаза цӏокана таӏзар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан неӏаран тӏам лацан бен ца кхиира иза тӏехьа лаьцна ши куьг а долуш йехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна тӏаьххье гучубелира Иван Архиповичан тӏехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.
— Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! — соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш неӏарах къевлабелира Иван Архиповичан корта.
Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу агӏора со хьаьжича. Йоӏана уллохь, даима а цигахь ша ӏийча санна дӏатарвеллера ӏумар. Губани со санна урокана тӏаьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза ӏумаран меттехь Майрбекца ӏаш йара.
— Охьахаа хьайн метте… Ванах, кӏант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! — шозлагӏа элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вогӏуш.
ӏумар-м хан эрна дӏайохийтуш вацара, Малижина улло таьӏина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг кӏанте оьхьуш леррина ладугӏуш йара Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, йа со царнна массарна а декхар вара. Со тӏоьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана тӏе кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан цӏарах.