— Дера ву селхана вижича санна ӏуьллуш-м, — ӏарбин букътӏехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.
— Хьо хӏун деш ӏуьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина ӏуьллуш ма ву хьо! — улло веира ӏарби.
Аса куьг лаьцна цӏеххьана озийна сайн маьнгана тӏевожийра и.
— Турпалхан, хӏара вайшиннах тасавлан дагахь ву! — олуш тасавелира ӏарби.
— Аса ши ког дӏалоцу хьуна цуьнан, ӏарби! — тхойшинна тӏехула тӏекхийтира Турпалхан.
Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:
— Схьадуьйла чай мала! ӏуьйрана дуьйна хӏума а ца йууш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву хӏара кӏант а! — олуш.
— Муха хоьхкуш лелаш..? — ца кхийтира даима а духе валан сакӏамлуш волу ӏарби.
Сан керара волуш дӏахьаьдира иза Зийна йолчу уьйтӏа. Со Турпалханца араваьлча ӏарби шен талламбина ваьллера.
— Хьо стенга ваханера? — милцочо санна хаьттира цо соьга.
— Вилспет хохкуш вара со-м, — кӏелхьара валан гӏоьртира со.
— Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? — Зийне хьожуш хаьттира ӏарбис.
Нана-м чӏогӏа реза йара ӏарбис суна хӏоттийнчу бартхаттарна.
— Сулиман волчу ваханера со-м! — реза воцу кеп хӏоттош жима аьшпаш боттан дийзира сан.
Аьшпаш бан а бара жима, со ши-кхоъ цӏа дуьтуш кхин а дӏавахнехьара со Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера кӏант вара, сан жимма доттагӏалла хьакхалуш.
— Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! — ша соьга ленвойтура воций схьахьедира доттагӏчо шен гӏовгӏанечу озаца.
— Иван Архиповичас нана йалош вола аларна хӏун до вай хьуна? — хаьттира соь ӏарбис, тхо жимма ханйаьлча кетӏадевлича.
— Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? — элира аса.
— Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, — элира Турпалханас.
— Цо хӏун до фотокехтах? — ца кхийтира со.
— Цо-м хӏумма а ца до. Виталий Николайевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, — кхетийра со Турпалханас.
— Тӏаккха делан ахьа фотокехат? — хаьттира аса.
— Делир иттех кехат-м.
— Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?
— Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.
— Серлонехьий!?
— Хӏаъ.