— Зийнина хаьий хьан хьал? — шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.
— Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма йац воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадогӏий хьуна почта дӏасакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка ӏамийна? Зударша ӏамор варий хьо? — хӏиллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.
Харцо-м йара аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма хӏинца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара хӏокху доккхачу дуьненчохь.
— Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вахӏид.
Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.
Букътӏехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букътӏехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а таӏийна.
— Хӏара тхан ненан ваша ву-кх, — кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана йан йиш йоцуш йисина-кх.
Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула бӏаьргаш тӏебугӏуш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.
— Ненан ваша? — хаьттира цо.
— Ненан шича, — жимма лахдира аса ненавешин дарж.
— Ненан шича? — Вахӏидехьа вирзира Иван Архипович.
— Геннара... — олуш сецира Вахӏид, кхин дӏа гучувалан ца кхиира и.
Хьехархочуьна мотт довдан мелла а кӏамбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна кӏорггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш йелахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел кӏезига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх дӏабехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгакӏела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан йаьлча, шен дахарехь, невцалгӏа вагӏча а оццул ницкъа ца хилла волу Вахӏид, мукъаволийтуш, сан тӏоьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.
Амма Вахӏидана ша иштта атта кӏелхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера.