Кестта суна хиира и хӏун бахьана ду а. Майрбекаца девне валан кечвеллачу суна тӏехьашха тӏекхетташ, со дӏалацан гӏоьртира ӏумара. Ткъа Майрбек-м чу кхоссавелира, шен аьтту баьлла меттиг а карийна. Цигахь тӏенисвеллачу, тхан классера кӏанта Илесас гӏолецира суна. Сан аьтто белира и дов йуьхькӏамоца чекхдаккхан.
Ишкола чекхъйаьккхина дукха хан йукъа ца йулуш, аса Малиже ма аллара, со шина шарна сайн декхар дӏадалан эскаре вахара. Малижас суна ма хьеххара, эскаршкахь со институте хьажош кехаташ делира суна.
Эскарера мукъаваьллачул тӏаьхьа со университете дешахӏоьттича, Соьлжа-гӏалахь гира суна Малижа. Иза гӏалахь ӏаш йара, доьшуш... Цхьана лаккхарчу хьаькимехь марехь а йара.
Аса эскарехь волуш цуьнга йаздина хилла кехат йоӏе дӏа ца кхаьчна хиллера... дуьххьара а, тӏаьххьара а йаздина цхьа кехат.
2005 шо. Гуьйре.