Жӏаьло наггахь бераш шена гуттарен а улло нисделча шен доккха цӏога ловзош меттаха доккхура, шена цхьаъ йоьхуш санна цӏевзара и. Цхьадолчу бераша жӏаьла шайна хьалха дуьйна девзаш хилар хоийтуш:
— Борз! Борзик! — олий хьостура жӏаьла.
Жӏаьло а корта ойбуш цӏога а ластош дуьхьала маршалла схьаоьцуш жоп лора. Рамзан а вуьйлира ша жӏаьлийна улло нисвелча жӏала хьаста, амма жӏаьлана кӏант вевзаш вацара. Цундела жӏаьла кӏант волчу агӏора корта ца берзош, деккъа цӏена бӏаьргашца схьа а хьаьжина ӏийра.
Школехь-м ӏаламат чӏогӏа хаза дара! Йоккхачу динамик чухула чӏогӏа хезаш йара дешархойн ишколана лерина эшарш. Бераша шайн-шайн хьехархошна зезагаш лора. Хьехархоша а бераш мара а дуьхкуш хьостура. Гуш дара берийн а, хьехархойн а йехачу каникулашкахь вовшен сагатделла хилар.
Жима Рамзан а, цуьнан хенара цхьадолу бераш дисинера, шаьш хӏун дан деза а ца хууш. Амма уьш а дукха ца лаьттира тиладелла дайна бераш санна гонаха а хоьжуш. Йелайелла-екхна жима зуда-хьехархо тӏейеира царна. Рамзанина дагайеира ша ишколе дӏайазван шайга йеъна хилла зуда.
— Шу сан классехь хир ду. Схьадуьйла кхузза дӏахӏитта, — аьлла массо а бераш дӏахӏиттинчу йуккъе цхьа могӏа бина дӏахӏиттийра цо Рамзан а, цуьнан хенара хьалхарчу классера бераш а. Хӏинца дуьйна Рамзан вуьззина хьалхарчу классера дешархо вара! Иза дара-кх ирс!
Шолгӏачу дийнахь ӏуьйрана Рамзан селхана санна сиха хилар гуш дацахь а, амма кӏентан дог-ойла хӏинцале а школехь йара. Селхана шен йоьӏан кӏант Рамзан ишколера мукъаваллалц хьоьжуш а ӏийна цуьнца цхьана цӏа йеънера Ребӏат. Тахана а кечлуш йара и Рамзанца школе йахан, амма йоьӏан кӏанта дегбаам бен кеп хӏоттийра:
— Баба, сох-м классера бераш доьлура ду-й! Со хӏинца жима ма вац, куьг а лаьцна лелон! Йоьӏакӏанта цхьажимма кхин а хӏилла хӏоттош дехарш дича, йухайалан дийзира Ребӏатан. Делахь а кӏентан тӏоьрмигна чу бепиг-м диллира цо нехчан стомма цастар йуккъехь а долуш.
Воккха къонах санна шайн кевнах ара а ваьлла ишколехьа волавелира Рамзан. Хӏинца шех дозалла дойла а дара цуьнан. И тахана шен дахарехь дуьххара ша ара а ваьлла шен гӏуллакхе воьдуш вара. Баккхийчара санна дӏа схьа а ца хьоьжуш, нисвелла шуьйра ког а боккхуш урамехула вогӏура жима Рамзан.